Get Mystery Box with random crypto!

Суннатан ОхIла

Telegram kanalining logotibi sunnatanokhla1441 — Суннатан ОхIла С
Telegram kanalining logotibi sunnatanokhla1441 — Суннатан ОхIла
Kanal manzili: @sunnatanokhla1441
Toifalar: Din
Til: Oʻzbek tili
Obunachilar: 2.02K
Kanalning ta’rifi

Хаттаран агIо: @hattaranago
Къуръанан маьIна:
https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah
Абу IабдуллахI:
http://t.me/umarabdulkhaliym1444

Ratings & Reviews

2.00

2 reviews

Reviews can be left only by registered users. All reviews are moderated by admins.

5 stars

0

4 stars

0

3 stars

0

2 stars

2

1 stars

0


Oxirgi xabar 2

2022-07-24 16:24:21 #Хаттар67

Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1. PDF папка бу телефон чохь, и папка бухкуш аьцца бу ас. Амма кхечуна д|абахьита аманат дина боху шаьш, сан бакъо яц боха. Нагсанна ас и ахча делла аьцца хилча, и сан бац сайна луарг цунах да? Аманат ала бакъо ю? Аманат хилча цу т|аьхь ларош ду иза? Хуъчо далиль далош жоп лахьара!



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Бехкам хIоттош хIума йохкаран масала, юхкуш волучо алар ду: "Аса хIара хIума йухку хьуна, ахьа кхечунна дIайухкур йоцуш бехкам а хIоттабо аса."

Оцу хьолехь йохка-эцаран хьокъехь Iелимнахана юкъахь хилпло ю:

ШафиIийн мазхIабехь иштта дукхах долчу мазхIабашна гергахь иштта йохкар нийса дац, цу хьолехь бина мах а, хIоттина бехкам а нийса бац. Амма оцу мазхIабашкахь цхьаболчу Iелимнаха, къестина Имам Ахьмадан мазхIабехь дукхах болчу Iелимнаха цу хьолехь бина мах нийса бу, амма хIоттийна бехкам нийса бац аьлла.

Ткъа нийсонна герга дерг - Нагахьсан цу хьолехь бехкам хIоттабар цхьана маслахьатан далахь иза ларбар эцначунна тIехь ду.

Масала: стага шен ул-уллера шина декъах цхьа дакъа, ков-керт духкуш далахь, оьцучунга шен довхо оцу декъа тIе кхачар цадезаш олу: "Аса хIара дакъа, ков-керт духку хьуна, ахьа хьенехан духкур доцуш бехкам а хIоттабо аса". Оцу хьолехь и бехкам ларбар тIедужу дакъа эцначунна. Иштта, кхин муьлха а юхкучунна, оьцучунна, юхкучу хIуманна маслахьате долу йохка-эцар а оцу юкъа догIу. Иза Имам Ахьмадах деъна, иштта Ибну Таймиййас а, Ибнул-Къаййима а (АллахIа къинхетам бойла царах) иза нийса дерг ду аьлла хержина.

Къестина хьан хаттарна хьокъехь, иза (PDF папка) хьуна боьхкинчеран шайн болх балахь, ахьа иза кхечарна дIабохкарца, йа дIасабаларца церан йохка-эцар галерйолуш, йа гIеллурйолуш ялахь, пайда боцуш, хIуьтренна, гамонна, гаттонна хIума дацахь, оцу хьолехь хьуна тIехь ду цара хIоттийна бехкам ларбан.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.3K views13:24
Ochish/sharhlash
2022-07-23 04:17:57 #Хаттар66

Ассаляму 1алайкум: хаттар ду са, цхьа стаг вуьцш, дик стаг ву, во стаг ву олш, хьун и ца вевз олкх, чтоб стаг вовз цунгар ху гич, мич хуманц войзш ву стаг? Аллах1 диканц бекхам бойл шуна.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Адмашца лелош йолу юкъаметтиг тайп-тайпа хуьлу, церан хьелашка хьежжин. Масалан: Тешаме воцучу стегца ша тайпа хуьлу хьан къамел. Иштта, бIармациг (пис) волчу стегца ша тайпа хуьлу хьан лелар. И дерриге довза, оцу хIора хIуманца хьа цунца гIуллакх Iоттаделла хила деза, йа тешамечу наха тоьшалла дина хила деза.

Цхьан къонахчо Iумар ибнул-ХаттIабан гергахь цхьа стаг хастича (цунна дикаллийца тоьшалла дича), Iумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) цунга хеттин:

«Хьан юххера лулахо вуй иза, цуьнан Iуьйре а, суьйре а хьуна евзуш волу?», цуо жоп делла: «Вац» аьлла. ТIаккха Iумарс хеттин: «Цуьнца ахча-бохча юкъахь лелиний ахь, шешшинца нах бевзуш долу?», цуо жоп делла: «Цалелина» аьлла. ТIаккха Iумарс хеттин: «Цунца новкъа велла некъахь хиллий хьо, шегахь нехан гIиллакхаш гучадовлуш болу?», цуо жоп делла: «Цахилла» аьлла.

ТIаккха Iумарс аьлла: «ТIаккха хьуна и воьвзуш вац. Схьахетарехь междигехь шортта ламазаш деш гин хир вукх хьуна иза (ламазашца доьвзуш дац адам)».

[Ибну Къутайбас "Iуйунул-ахбар" цIе йолчу жайнахь дуьйцу иза]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.1K views01:17
Ochish/sharhlash
2022-07-21 04:50:32 #Хаттар65

Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1, Х1инцалц дукха къинош летина ас, Аллах1о сун геч худич дийр дар те? Тоб деш худа дез, мух да дез и?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

АллахIа Шен Сийлахьчу Къуръан чохь бах: «ХIай ийман диллинарш! АллахIе дерза шу, цIена тоба деш, шун Кхобуш-Кхиориг герга ву шун къиношна гечдан» [сурат ат-тахьрийм, 8-гIа аят]

ЦIена тоба - айхь диначу къанна дохко велла, кхин и къа цадар ду.

Ибну МасIудах дийцинчу хьадийсехь, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Дохко валар - тоба ду» [Имам Ахьмадс дийцна иза]

Тоба (дохко валар) къобула даран бехкамашха ду:

1) Къанах дIавалар.
2) Къанна дохко валар.
3) Кхин и къа цадан ойла хилар.

Амма, нагахьсан хьан къа адамийн хьаккъах хьакхаделла далахь, вай хьахийначу кхаа бехкамна тIе кхин цхьаъ кхета:
4) Оцу адамийн хьакъ юха дерзадар, иза дехни далахь, йа иза къинтIера ваккхар, и во хьахавар далахь.

Iелимнаха аьлла: «Массо къинох сихха тоба дар важиб ду».

Ибнул-Къаййимас (АллахIа къинхетам бойла цунах) кошан Iазабах кIелхьара валаран бахьанаш дуьйцучехь аьлла: «Царех уггаре пайден дерг - къонахчо шена дIавижа дагадеъча, вахьа а хиъна АллахIан цхьа сахьта далар ду. Ша оцу дийнахь эшийначун а, садеккхиначун а шен дегIан хьесап деш. ЦултIехьа шена а, АллахIана а юккъахь цIена тоба карла доккху цуо. Оцу тобанца дIавуьжу иза. Ша самавалахь къа латор дац-кх ша аьлла чIагIвелла а волуш. Иза хIора буьйсанна дийра ду цуо. Нагахьсанна оцу буьйсанна цунна валар нислахь - тоба дина а волуш лийра ву иза» [китабур-рухь]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.2K views01:50
Ochish/sharhlash
2022-07-19 00:34:43 #Хаттар64

Ассаламу аллейкум, хьалхар зудчун ца хоуьтш, къайлах шолаг1 зуд яло магийна дуй?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

АллахIа шологIа, кхоалгIа, йоьалгIа зуда яло магарна цхьа бехкам хIоттийна - иза зударшна юкъахь напхаца а (даар-маларца), тIедухарца а, чохь Iа меттигаца а нийсо латта яр ду.

АллахIа бах: «Аш шайна дика хетташ болу зударий балабе, шишша, кхокхха‚ йиъ-йиъ. Нагахьсан шаьш нийсо цаярна шу кхерахь - цхьаъ ялае» [сурат ан-нисаъ, 3-гIа аят]

Амма хIусамнанна ша шологIу зуда ялош вуй хаитар бехкам ца хIоттина АллахIа. И бохург - цуо и цахаитахь а, цуьнан мах нийса бу бохург ду.

Делахь а, и бехкам цахиларца цхьана, нийсо лелош волчунна хьалхарчу хIусамнанна цахууш дуьсийла яц цуо шена тIе зуда ялийна хилар, йа цуо сих-сиха пуьтш биттаре вуьгур ву иза. ХIунда аьлча, нисса ах дахар чохь доккхуш воцу хIусамда, хIу лелош ву, тенгаш лелаш ву, аьлла хаттар хир ду хIусамненан. Иза кхечу махка вагIана цигахь доьшуш, йа болх беш вацахь. Ткъа оцу хьолехь-м хьалхарчу хIусамнанна цахууш шологIу зуда ялаяр тарлур ду цунна. Муьлха хьолехь а, хьалхарчу хIусамнанна ша шологIу зуда ялош вуй хаитар гIолехь ду, цатемашна, девнашна, гена валан а, иштта, шен хIусамненац дика хиларна юкъа а догIу иза.

АллахIа бах: «Хаза-дика даха шу царца (хIусамнаношца)» [сурат ан-нисаъ, 19-гIа аят]

Ибну Касийрас (АллахIа къинхетам бойла цунах) оцу аятехь АллахIа бохург хIуду билгалла деш аьлла: «ХIусамнене олуш долу дош хаза ала, хьайн лелар хаза хилийта цунца, хьайн ницкъа ма кхоччу хьайн куц-кеп хаза де цунна, хьайна цунгара ма-дезза» [тафсийрул Къуръанил Iазыйм]

Амма цкъацца хIусамнана бахьан хIутту, хIусамдас ша шологIу зуда ялош хилар къайла дахьарна. ХIусамнанас йоккхур йолу гIартатанна, цуо дуьцур долу элдитанна, цунна цIерачара лелор долчу зулмашна, зен-пайда дустий, цахаитар гIолехь хеташ хуьлу. Иза дукха хьолехь шен гIайрат (ревность) дазо хадош йолчу зудчо лелош дерг ду. Оцу хьолехь бехка хIусамненан бу. АллахIан хьукманна "хIаъ" аьлла, муьтIахь хила езачехь, АллахIа хIиттийна дазонаш хедош дуьхьула еллачу.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.2K viewsedited  21:34
Ochish/sharhlash
2022-07-08 08:46:58 Иштта, и гIурба дийнарг, иза вайн некъа (суннат) тIехь ву, амма ламаз далле хьалха урс хьекхначо шен доьзална даа жижиг хилийтина, къобалдеш долу гIурба дац цуо дийнарг» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза]


ГIурбан жижиг декъар:

Суннат гIурбана жижиг кхаъ декъе декъар суннат ду: Цхьа дакъа шен цIийна охIлунна дитар, шозлогIу дакъа совгIатан далар, кхозлогIу дакъа къе-мискачу нахана сагIийна далар. Иштта, дерриге дIадала а мегар ду. Амма важиб гIурбана жижигах цунна а, цуо кхобуш болучарна а даъа мегаш дац. Нагахьсанна цуо аьллехь бен: "АллахIан дуьхьа сайна тIе леци аса гIурбана уьстагI бер, иштта, цуьнан гIогI даар а" оцу хьолехь цуьнан гIогI даъ мегар ду цунна. Иштта, муьлха а кхийолу ша шена гIурба тIедожош юур ю аьлла билгал йина муьлха меже а мегар ду.


Хьайбанна урс хьокхучу хенахь дан дезарг а, дича дика долучух цхьадерг а:

Нигат хилар. Дуьш дерг ша хьалха цIе тоьхна долу хьайба дацахь, урс хьокхучу хенахь нигат хила деза гIурба ден. Нагахь санна ша гIурба цхьаьнга кхечуьнга доьйтуш делахь, иза ша векил вечу хенахь нигат хила деза, йа иза урс хьакха волалуш нигат хила деза. Нигат деш багахь хIумма баха оьшуш дац, нигатан меттиг дог ду.

- Шен гIурбанна урс ша хьакхар. Шега урс ца хьакхалахь, хьокхучу хенахь уллехь хилар дика ду.

- Урс хьокхуш АллахIан цIарца хьакхар, иштта, такбир дар а. Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) шен гIурба дуьйчу хенахь АллахIан цIе йоккхуш, такбир а деш хьекхна [Бухарис а, Муслима а дийцна иза] Нагахьсан вицвелла, йа цхьана бахьнанна бисмиллахI ца аьллехь, гIурба нийса ду, даъ мегаш а ду, АллахIан цIе яккхар суннат ду, важиб дац.

- ГIурба къобул де аьлла дуIа дар. Iаишатас (АллахI рез хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) ша гIурбанна урс хьокхучу хенахь элира аьлла: «АллахIан цIарца. йа АллахI, къобул де Ахьа Мухьаммадера а, Мухьаммадан охIлунера а, Мухьаммадан умматера а» [Муслима дийцна иза]

- ГIурбана дуьш долу хьайба къилбехьа дерзор. Цу хьокъехь дехкина хьадийсаш гIийла делахь а, амма иза Асхьабашкара сецна ду. Иштта, Ибну Iумарна (Аллахl реза хуьлда цунна) къилбехьа ерзина урс хьекхна йоцу хIума яар дезаш ца хилла аьлла деъна. Имам аш-ШафиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Урс хьокхуш йолу хIума къилбехьа ерзор дукха деза суна» [мухтасар ал-музанний]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.7K views05:46
Ochish/sharhlash
2022-07-08 08:46:58 ГIУРБА ДУЬЦУ ДАКЪА

ГIурба бохург - гIурбана-Iийдан дийнахь хьайбан урс хьакхар ду, АллахIан герга хуьлуш, Цунна муьтIахь хуьлуш.


ГIурбан хьукма:

ГIурба дер - чIагIдина суннат ду. Анас бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дуьйцу: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) гIурба дийра, кIай-Iаьржа болучу шина каца. Суна иза гира, цаьршина агIонна тIе ког а биллина, АллахIан цIе а йоккхуш, такбир а деш, шен куьгаца урс хьекхира цуо цаьршина» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза]

Нагахьсанна адамо гIурба дер шена тIедожадахь, масала: "ГIурба ден чIагIо йо аса" йа "ХIара устагI гIурбана буьйра ма-бу аса" аьлла, цунна и дер важиб хилла тIедужу. Iаишатас (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан муьтIахь хилар шена тIедожинарг милла валахь а, Цунна муьтIахь хуьлийла иза. Амма Цунна Iеса хилар шена тIедожинарг милла валахь а, Цунна Iеса ма хуьлийла иза» [Бухарис дийцна иза]


ГIурбана ден йиш йолу хьайбанаш:

ГIурбана ден йиш йолу хьайбанаш шайн бехкамашца кхаъ тайпа ду: 1) Пхи шо кхечна, ялхолгIачу шаре елла эмкил. 2) Ши шо кхечна, кхоалгIачу шаре делла бежин. 3) Ялх батталла хьалабелла устагI, йа шаралла хьалаелла газа.

Эмикилна а, бежнанна а ворхI адмо юкъахьал дан мегаш ду. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Оха урс хьаькхира АллахIан Элчанца (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) хьудайбиййатехь, цхьана эмкална ворхIанна тIера, цхьана бежанна а ворхIанна тIера» [Муслима дийцна иза]


ГIурбана мегаш доцучу хьайбана сакъташ:

ал-Барраъ бин Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцна, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Диъ хIуманах цхьаъ шеца долу хьайба гIурбана мегар дац: бIаьрзе дерг, шен бIаьрзе хилар билгал долуш; цомгаш дерг, шен цомгаш хилар билгал долуш; астагIа дерг, шен астагIа хилар билгал долуш; гIийла-оза дерг, шен тIум йоцуш» [Абу Давудс а, Тирмизис а, Ибну МажахIа а дийцна иза] Оцу сакъташха тера долу, кхиндолу жижиг эшош долу сакъташ а цу юкъадогIу. Ткъа и сакъташ билгал доцуш, кIезига далахь, цара гIурбана зен дийр дац.


ГIурба дер суннат хуьлу бехкамаш:

ГIурба дер суннат ду хIара бехкамаш шегахь кхочуш хиллачунна: 1) Бусулба хилар. 2) бераллера велла хилар. 3) Хьекъалчохь хилар. 4) Ницкъа кхочуш хилар. Ткъа ницкъа кхачарах лууш дерг: Нагахьсанна шена а, ша кхаба безачарна а, Iийдан дийнахь а, цултIаьхьа долчу кхаъ дийнахь тоьъчулла юучунна-молучунна а, духарна а, чохь Iа хIусамна а даьхни делахь, цулла совнаха гIурбана хьайба эца дехни далахь - иза гIурба ден ницкъа кхочучарах хуьлу.

ЦIийнан охIлунах, цхьана рицкъанах хене бовлучарах цхьана адмо гIурба дийча бисинчарах массарех а кхачо хуьлу. Масала: Дас шена а, шен цIийна охIлунна а тIера нигат дина гIурба дийча, иза цунна а, цуьнан цIийна охIлунах болу, цуо кхобуш болучарна а тIера кхачо еш ду. Нагахьсанна, церан яар-малар цхьана рицкъанах дацахь, масала: Шена велла кIант валахь, шена рицкъа доккхуш, оцу хьолехь шена веллачо, шена а, шен охIлуна а тIера ден деза гIурба.


Декхарехь волучо гIурба деран хьал:

Декхар гIурбаналла хьалха доккхур ду. ХIунда аьлча, декхар дIадалар важиб ду, амма гIурба дер суннат ду, ткъа важиб суннаталла хьалха даккха деза. Нагахьсанна декхар хан тоьхна далахь, амма дIадала хан тIекхача дуккха хан йиснехь, иштта декхарехь верг тешна валахь, ша гIурба дийча декхаран хан тIе кхечча декхар дIадалан ницкъа кхочур бу ше аьлла - оцу хьолехь гIурба де мегар ду.


ГIурбана хан:

ГIурбана хан зул-хьижжат беттан иттолгIачу дийнахь Iийда ламаз диначултIехьа йолалуш ю, ташрикъан кхо де (гIубрана Iийдан дийналла тIехьадолу кхо де) чекхдаллалца летташ а ю. Оцу буьйсанашкахь ден а мегар ду гIурба. Амма деза дерг, Iийда ламаз диначултIехьа гIурба дерна сихо яр ду. ал-Барраъ бин Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцна, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIара Iийдан де ламаз дарца дIадолор ду вай, тIаккха вайн хIусамашка юхадахна, гIурбана урс хьокхур ду вай.
1.2K views05:46
Ochish/sharhlash
2022-07-01 00:31:49 #Хаттар63

Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1.
Г1урбана а 1акъикъатана а ши нигат дина цхьан устаг1ан урс хьекхч шиэ кхочш хир дуй?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

ГIурбана а, Iакъийкъатана а шинне ният дина цхьана уьстагIна урс хьекхча гIурба а, Iакъийкъат а кхочуш хир ду аьлла цхьаболчу Iалимнаха. Иштта, оцу хьолехь кхочуш хир дац аьлла а бу Iалимнахах.

Вайна гергахь тоьлуш долу дош, вайна нийсонна герга хетарг - иза гIурбана а, Iакъийкъатана а шинне ният дина цхьана уьстагIна урс хьекхча гIурба а, Iакъийкъат а кхочуш хир ду аьлларг ду. Иза кхочуш хир ду аьллачарех ву: Хьасанул-Басрий а, Мухьаммад ибну Сирийн а, ХIишама а, Къатадат а ишта кхиболу Iалимнах а (АллахIа къинхетам бойла царех).

Ибну Абий Шайбатас Хьасанул-Басрех дийцна, Цуо элира аьлла: «Доьзулхочун тIера гIурба дийча цуьнан Iакъийкъатан кхачо хуьлу».

Иштта, ХIишамах а, Ибну Сирийнах а дийцна, царшима элира аьлла: «ГIурбано Iакъийкъатах кхачо йо цунна» [мусаннаф]

Ал-БухIутис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Iакъийкъат а, гIурба а цхьанакхетахь, и шиэ дагалоцуш ният дича, и шиэ кхочуш хир ду могIанехьара (Имам Ахьмадас ма аллар)» [кашшафул-къинаI]

Шайх Мухьаммад бин ИброхIиймас а (АллахIа къинхетам бойла цунах) хержина иза, воле дериг цхьана устагIаца гIурбана а, Iакъийкъатана а кхачо хир ю аьлла. [фатава аш-шайх Мухьаммад бин ИброхIийм]

Иза Iалимнаха тардо Iийдана а, рузбана а де цхьана нисделча цхьауз лийчаро Iийдана лийчарна суннатан а, рузбана лийчарна суннатан а кхачо еш хиларах. Иштта, фард лийчар тIера даккхаран ниятаца а, рузбана лийчарна суннатан ниятаца а цхьауз лийчаро шиэ ният кхочуш хиларе терра.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.6K views21:31
Ochish/sharhlash
2022-06-30 01:51:53 #Хаттар62

Ассаламу 1алейкум варохьматуллох1и вабарокатух1у! Зуль Хиджжа бетта хьалхар 10 дийнахь марх кхабар суннат дуй?, нагахьсан суннат далахь, мархи баттахь юкъар даьл дол мархниш кхаба меги цхьанне?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Зул-хьижжат беттан хьалхара деношкахь марха кхабар а, иштта, муьлха кхийолу дика Iамал ярехь сов валар дика а, деза а, суннат а ду.

Ибну Iаббасах (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, Цуо элира: «АллахIан Элчано (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Деношха цхьаа де дац, шайна чохь йина дика Iамал АллахIана хIокху деношкахь йиначу Iамалелла дукха езаш». Цара (Асхьабаш) хеттира: «ХIай АллахIан Элча, АллахIан новкъахь долу гIазот а дац?», Цуо элира: «АллахIан новкъахь долу гIазот а дац, нагахьсанна шен дегIаца а, шен дехница а ара велла, цултIехьа царех цхьанне хIуманца юхавирзина воцу къонах воцург» [Бухарис дийцна иза].

Оцу хьадийсехь вайна билгалдолу: зул-хьижжат беттан хьалхара деношкахь йиначу муьлха а дикачу Iамалах, кхечу деношкахь йиначу Iамалелла а алсам ял хуьлуш хилар. АллахI хьехавар, Къуръан дешар, ламазаш дар, марханаш кхабар, АллахIан новкъахь къахьегар, сагIа далар, бисин Iачу йижарийн, бо берийн, мискачу нехан гIулкхе хьажар, диканиг де, вониг маде олуш хилар, иштта, муьлха АллахIан герга вуьгуш долу дика хIума цу хьадийса юкъадогIу.

Иштта, рамадан (мархийн) баттахь кхабаз дисинадолу марханаш, зул-хьижжат беттан деношкахь доькхуш кхаба а мегаш ду.

Амма, тидам бан беза, зул-хьижжат беттан хьалхара деношха марха кхобург исс де ду, ткъа уьттолгIа де Iийда ду, амма Iийдан дийнахь марха кхабар мегаш цахилар Iелимнехан барт хилла ду.

Абу СаIийд ал-худрис (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) марханна Iийдан дийнахь а, гIурбанна Iийдан дийнахь а марха кхабар дихкина (цамагийна)» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.4K views22:51
Ochish/sharhlash
2022-06-29 22:11:06 #Хаттар61

Ассаламу 1алайкум, хаттар дар: Х1ар зуль хьиджа 10 де массо динал дез ду бохуг бух болш дуй? Такх такбир де олкх х1окх деношкахь, и мух да дезш ду? Нах баш-баш дяш гинер сун.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Зул-хьижжа беттан деношна дозалла довзан кхачаме ду Сийлахь волчу АллахIа оцу деношца чIагIо йина хилар.

Сийлахь долчу Къуръан чохь АллахIа чIагIо еш бах: «Итт буьсанца чIагIо йо Аса» [сурат ал-фажр, 2-гIа аят]

Оцу аятехь АллахIа дуьцург зул-хьижжа беттан хьалхара итт де ду аьлла Ибну Iаббаса а, Ибну Зубайрас а, МужахIидас а, иштта, дуккха салафша а Аллахl реза хуьлда царна. Ибну Касирас (АллахIа къинхетам бойла цунах) шен тафсирехь, иза тоьлуш долу дош ду а аьлла.

Зул-хьижжа беттан хьалхара итт денчохь йина Iамал, АллахIан дукха езаш ю, кхечу муьлха а деношкахь йиначу Iамалелла а.

Ибну Iаббасах (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, Цуо элира: «АллахIан Элчано (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Деношха цхьаа де дац, шайна чохь йина дика Iамал АллахIана хIокху деношкахь йиначу Iамалелла дукха езаш». Цара (Асхьабаш) хеттира: «ХIай АллахIан Элча, АллахIан новкъахь долу гIазот а дац?», Цуо элира: «АллахIан новкъахь долу гIазот а дац, нагахьсанна шен дегIаца а, шен дехница а ара велла, цултIехьа царех цхьанне хIуманца юхавирзина воцу къонах воцург» [Бухарис дийцна иза].


Ткъа зул-хьижжа беттан хьалхара деношкахь такбир дар а дикачу Iамалшах ду.

ТабиIинех волу Имам МужахIидах (АллахIа къинхетам бойла цунах) дуьйцу, Цуо аьлла: «Абу ХIурайра а, Ибну Iумар а хIокху итт денчохь базара вогIий такбир деш хилара, иштта, царшинца цхьана наха а дора такбир, (оцу такбиран бен) кхи хIуманна вогIуш вацар ишиъ (базар)» [Иза дийцина Iабдул-Iазийз бин жаIфарс "аш-шафий" олучу жайнахь]

Такбир бохург - АллахIу Акбар (АллахI Воккха ву) алар ду.

Зуль-хьижжа хьалхара итт денчохь дечу такбиран кепаш тайп-тайпана ю, царех муьлхуг а лело йиш йолуш ю. Царех цхьа йолу кепаш иштта ю:

Iалий ибну абий ТIолиба а, IабдуллахI ибн МасIуда а такбиран кеп иштта хилла: "АллаахIу акбар, АллаахIу акбар, лаа илаахIа иллаллаахI, вАллаахIу акбар, АллаахIу акбар, ва лиллаахIилхьамд"

Ибну Iаббаса такбиран кеп иштта хилла: "АллаахIу акбар кабийроо, АллаахIу акбар кабийроо, АллаахIу акбар ва-ажаллу, АллаахIу акбар, ва лиллаахIилхьамд" [мажмуIату шайх ал-хьасаний]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
2.1K views19:11
Ochish/sharhlash
2022-06-23 19:01:51 Гулдина жоьпаш:

51 - Шаввал бетта ялх марха кхабар суннат дуй?

52 - Ламаз маьждигехь дар мел деза ду, ша волуш дечулла а?

53 - Деца Ненаца дика хилар муха хил деза?

54 - Сан нанас сай хIусамнана йита аьлча, йита ези аса?

55 - Несанна тIехь дуй мар-дас, мар-нанас аьлларг дар?

56 - Ламазехь волуш нохчийн маттахь дуIа дан меги?

57 - Воккхачунга салам далар гIиллакхехь дац аларан хьукма хIун ду?

58 - ЯъхIуманна суьрташ, видеош сотсеташ чу хIиттаяран хьукма хIун ду?

59 - Мусафирана (некъахочуна) мас дийнахь дацдеш дан йиш ю ламазаш?

60 - Стага шен зуда йитича, цушинна бераш деца дуьтуш ду, йа ненац дуьтуш ду шарIехь?

https://t.me/sunnatanokhla1441
1.4K views16:01
Ochish/sharhlash