Get Mystery Box with random crypto!

Иштта, и гIурба дийнарг, иза вайн некъа (суннат) тIехь ву, амм | Суннатан ОхIла

Иштта, и гIурба дийнарг, иза вайн некъа (суннат) тIехь ву, амма ламаз далле хьалха урс хьекхначо шен доьзална даа жижиг хилийтина, къобалдеш долу гIурба дац цуо дийнарг» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза]


ГIурбан жижиг декъар:

Суннат гIурбана жижиг кхаъ декъе декъар суннат ду: Цхьа дакъа шен цIийна охIлунна дитар, шозлогIу дакъа совгIатан далар, кхозлогIу дакъа къе-мискачу нахана сагIийна далар. Иштта, дерриге дIадала а мегар ду. Амма важиб гIурбана жижигах цунна а, цуо кхобуш болучарна а даъа мегаш дац. Нагахьсанна цуо аьллехь бен: "АллахIан дуьхьа сайна тIе леци аса гIурбана уьстагI бер, иштта, цуьнан гIогI даар а" оцу хьолехь цуьнан гIогI даъ мегар ду цунна. Иштта, муьлха а кхийолу ша шена гIурба тIедожош юур ю аьлла билгал йина муьлха меже а мегар ду.


Хьайбанна урс хьокхучу хенахь дан дезарг а, дича дика долучух цхьадерг а:

Нигат хилар. Дуьш дерг ша хьалха цIе тоьхна долу хьайба дацахь, урс хьокхучу хенахь нигат хила деза гIурба ден. Нагахь санна ша гIурба цхьаьнга кхечуьнга доьйтуш делахь, иза ша векил вечу хенахь нигат хила деза, йа иза урс хьакха волалуш нигат хила деза. Нигат деш багахь хIумма баха оьшуш дац, нигатан меттиг дог ду.

- Шен гIурбанна урс ша хьакхар. Шега урс ца хьакхалахь, хьокхучу хенахь уллехь хилар дика ду.

- Урс хьокхуш АллахIан цIарца хьакхар, иштта, такбир дар а. Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) шен гIурба дуьйчу хенахь АллахIан цIе йоккхуш, такбир а деш хьекхна [Бухарис а, Муслима а дийцна иза] Нагахьсан вицвелла, йа цхьана бахьнанна бисмиллахI ца аьллехь, гIурба нийса ду, даъ мегаш а ду, АллахIан цIе яккхар суннат ду, важиб дац.

- ГIурба къобул де аьлла дуIа дар. Iаишатас (АллахI рез хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) ша гIурбанна урс хьокхучу хенахь элира аьлла: «АллахIан цIарца. йа АллахI, къобул де Ахьа Мухьаммадера а, Мухьаммадан охIлунера а, Мухьаммадан умматера а» [Муслима дийцна иза]

- ГIурбана дуьш долу хьайба къилбехьа дерзор. Цу хьокъехь дехкина хьадийсаш гIийла делахь а, амма иза Асхьабашкара сецна ду. Иштта, Ибну Iумарна (Аллахl реза хуьлда цунна) къилбехьа ерзина урс хьекхна йоцу хIума яар дезаш ца хилла аьлла деъна. Имам аш-ШафиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Урс хьокхуш йолу хIума къилбехьа ерзор дукха деза суна» [мухтасар ал-музанний]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441