Get Mystery Box with random crypto!

#Хаттар65 Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1, Х1 | Суннатан ОхIла

#Хаттар65

Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1, Х1инцалц дукха къинош летина ас, Аллах1о сун геч худич дийр дар те? Тоб деш худа дез, мух да дез и?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

АллахIа Шен Сийлахьчу Къуръан чохь бах: «ХIай ийман диллинарш! АллахIе дерза шу, цIена тоба деш, шун Кхобуш-Кхиориг герга ву шун къиношна гечдан» [сурат ат-тахьрийм, 8-гIа аят]

ЦIена тоба - айхь диначу къанна дохко велла, кхин и къа цадар ду.

Ибну МасIудах дийцинчу хьадийсехь, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Дохко валар - тоба ду» [Имам Ахьмадс дийцна иза]

Тоба (дохко валар) къобула даран бехкамашха ду:

1) Къанах дIавалар.
2) Къанна дохко валар.
3) Кхин и къа цадан ойла хилар.

Амма, нагахьсан хьан къа адамийн хьаккъах хьакхаделла далахь, вай хьахийначу кхаа бехкамна тIе кхин цхьаъ кхета:
4) Оцу адамийн хьакъ юха дерзадар, иза дехни далахь, йа иза къинтIера ваккхар, и во хьахавар далахь.

Iелимнаха аьлла: «Массо къинох сихха тоба дар важиб ду».

Ибнул-Къаййимас (АллахIа къинхетам бойла цунах) кошан Iазабах кIелхьара валаран бахьанаш дуьйцучехь аьлла: «Царех уггаре пайден дерг - къонахчо шена дIавижа дагадеъча, вахьа а хиъна АллахIан цхьа сахьта далар ду. Ша оцу дийнахь эшийначун а, садеккхиначун а шен дегIан хьесап деш. ЦултIехьа шена а, АллахIана а юккъахь цIена тоба карла доккху цуо. Оцу тобанца дIавуьжу иза. Ша самавалахь къа латор дац-кх ша аьлла чIагIвелла а волуш. Иза хIора буьйсанна дийра ду цуо. Нагахьсанна оцу буьйсанна цунна валар нислахь - тоба дина а волуш лийра ву иза» [китабур-рухь]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441