Get Mystery Box with random crypto!

#Хаттар64 Ассаламу аллейкум, хьалхар зудчун ца хоуьтш, къайла | Суннатан ОхIла

#Хаттар64

Ассаламу аллейкум, хьалхар зудчун ца хоуьтш, къайлах шолаг1 зуд яло магийна дуй?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

АллахIа шологIа, кхоалгIа, йоьалгIа зуда яло магарна цхьа бехкам хIоттийна - иза зударшна юкъахь напхаца а (даар-маларца), тIедухарца а, чохь Iа меттигаца а нийсо латта яр ду.

АллахIа бах: «Аш шайна дика хетташ болу зударий балабе, шишша, кхокхха‚ йиъ-йиъ. Нагахьсан шаьш нийсо цаярна шу кхерахь - цхьаъ ялае» [сурат ан-нисаъ, 3-гIа аят]

Амма хIусамнанна ша шологIу зуда ялош вуй хаитар бехкам ца хIоттина АллахIа. И бохург - цуо и цахаитахь а, цуьнан мах нийса бу бохург ду.

Делахь а, и бехкам цахиларца цхьана, нийсо лелош волчунна хьалхарчу хIусамнанна цахууш дуьсийла яц цуо шена тIе зуда ялийна хилар, йа цуо сих-сиха пуьтш биттаре вуьгур ву иза. ХIунда аьлча, нисса ах дахар чохь доккхуш воцу хIусамда, хIу лелош ву, тенгаш лелаш ву, аьлла хаттар хир ду хIусамненан. Иза кхечу махка вагIана цигахь доьшуш, йа болх беш вацахь. Ткъа оцу хьолехь-м хьалхарчу хIусамнанна цахууш шологIу зуда ялаяр тарлур ду цунна. Муьлха хьолехь а, хьалхарчу хIусамнанна ша шологIу зуда ялош вуй хаитар гIолехь ду, цатемашна, девнашна, гена валан а, иштта, шен хIусамненац дика хиларна юкъа а догIу иза.

АллахIа бах: «Хаза-дика даха шу царца (хIусамнаношца)» [сурат ан-нисаъ, 19-гIа аят]

Ибну Касийрас (АллахIа къинхетам бойла цунах) оцу аятехь АллахIа бохург хIуду билгалла деш аьлла: «ХIусамнене олуш долу дош хаза ала, хьайн лелар хаза хилийта цунца, хьайн ницкъа ма кхоччу хьайн куц-кеп хаза де цунна, хьайна цунгара ма-дезза» [тафсийрул Къуръанил Iазыйм]

Амма цкъацца хIусамнана бахьан хIутту, хIусамдас ша шологIу зуда ялош хилар къайла дахьарна. ХIусамнанас йоккхур йолу гIартатанна, цуо дуьцур долу элдитанна, цунна цIерачара лелор долчу зулмашна, зен-пайда дустий, цахаитар гIолехь хеташ хуьлу. Иза дукха хьолехь шен гIайрат (ревность) дазо хадош йолчу зудчо лелош дерг ду. Оцу хьолехь бехка хIусамненан бу. АллахIан хьукманна "хIаъ" аьлла, муьтIахь хила езачехь, АллахIа хIиттийна дазонаш хедош дуьхьула еллачу.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441