Get Mystery Box with random crypto!

Суннатан ОхIла

Telegram kanalining logotibi sunnatanokhla1441 — Суннатан ОхIла С
Telegram kanalining logotibi sunnatanokhla1441 — Суннатан ОхIла
Kanal manzili: @sunnatanokhla1441
Toifalar: Din
Til: Oʻzbek tili
Obunachilar: 2.02K
Kanalning ta’rifi

Хаттаран агIо: @hattaranago
Къуръанан маьIна:
https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah
Абу IабдуллахI:
http://t.me/umarabdulkhaliym1444

Ratings & Reviews

2.00

2 reviews

Reviews can be left only by registered users. All reviews are moderated by admins.

5 stars

0

4 stars

0

3 stars

0

2 stars

2

1 stars

0


Oxirgi xabar 3

2022-06-22 18:18:08 #Хаттар60

Саламу 1алайкум сан Ваша. Зуди майри д1ас къестш далахь, майрчо зуд йитча берш хьенц дуьтш ду шар1о? Аллах1 рез хуьлил хьуна.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Да нана дIасакъестича (хIусамдас хIусамнана йитнехь) бераш ворхIара довлалца (беран 7 шо кхаччалца, шайна пайде долу хIума, тIедохар а, яар малар а, лийчар а, хIума йиттар а, иштта, кхидолчу хIуманна, хIума къасто кхетаме даллалца) ненац дуьсуш ду, нана маре ягIна мел йоцу. Амма, нана маре ягIча бераш хьенца дуьту тIехьо хьахор ду вай. Ткъа нана маре ягIна мел йоцу делла а тIех хьакъ ю бераш шеца диса, бераш оцу хене кхаччалца царга хьажан нана охIла хиларна.

IабдуллахI ибну Iумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу: «Цхьана зудчо Пайхамарна (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) тIе еъна элира: «ХIай АллахIан Элча! ХIара сан доьзулхо, сан кийра кхунна Iалашвеш хIусам леттин бу, сан накха кхунна малар леттин бу, сан марахь къевлина кхиъна ву хIара, амма кхуьнан дас ша соьгар схьавоккхур ву бах хIара» ТIаккха Пайхамара элира: «Хьо хьакъ ю цуьнца, хьо маре яггIалца» [Имам Ахьмадс дийцна иза]

Амма, бера ворхIара делча, цунга харжам лур бу, деца Iа леъ цунна, йа ненац Iа леъ цунна. Цуо харжам бинчунца дуьсур ду иза.

Абу ХIурайрас (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадийсехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) дIасакъестинчу дена, нанна юкъахь кхел ечу хенахь, берега харжам луш аьлла: «ХIара хьан да ву, хIара хьан нана ю, хьайна луъчунна куьг лаца». Оцу беро шен нена куьг лецира, тIаккха нана шен бера эцна дIаягIара. [Абу Давудс дийцна иза]

Имам аш-Шафиlис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нана тIех хьакъ ю бераца, и бера кIант валахь а, йа йоI ялахь а, цушинна ворхI шо кхаччалца. Ткъа царшина ворхI шо кхечча, ишиъ шешшин хенар берийн хьекъалехь далахь, цушинга харжам лур бу, деца Iа леъ, йа ненац Iа леъ аьлла, царшима хержинчунца дуьсур ду ишиъ» [ал-умм].

Амма, къестина йоьIа хьокъехь Iелимнехан хилпло ю, йоIега харжам баларна хьокъехь. Лакхахь хьаха ма-дарра, ШафиIийн мазхIабехь кIант а, йоI а цхьа бос ду харжам баларехь, цушинна юкъахь къастам беш беъна могIа цахиларна. Амма цхьаболчу Iелимнаха йоIе харжам лур бац, иза маре яггIалца шен ненац Iийр ю аьлла. Иза Имам Маликан мазхIаб ду. Иштта, Ибнул-Къаййимс аьлла, йоI ненац Iерехь маслахьат ду. ХIунда аьлча, зударийн белхаш йоIанна ненац Iемар хиларна. ХIара хержинчу Iелимнаха олу: бере харжам луш долчу хьадисехь хьахинарг кIант ву, йоI яц. Иштта, цхьаболчу Iелимнаха йоI ворхIара елча деца юьтур ю аьлла. ХIунда аьлча, цултIехьа и ларярехь да ву жоьпаллехь, иштта, маре йоьдуш а дегара доьхуш ду пурба. Иза Хьанбалийн мазхIаб ду. Иштта, цхьаболчу Iелимнаха йоI иссар яллалца ненац юьтур ю аьлла, иза Хьанафийн мазхIабехь ду.

Амма, нана маре ягIча, дукхахболчу Iелимнаха бераш нена-ненаца дуьтур ду аьлла. Иза диъ мазхIабан харжам бу. Иштта, цхьаболчу Iелимнаха нана маре ягIча бераш деца дуьсур ду а аьлла. Иза аьллачарах Шейхуль-Ислам Ибну Таймиййа ву.

Делахь а, оцу тайпа хIума юкъадоьлча, да нана бераш къовса доьлча, царна юкъахь уьш бехачу махкахь лелаш долчу мазхIабехь кхел йо къедано. Масалан: Нохчийчохь а, ГIалгIийчохь а шафиIийн мазхIаб ду, нахана юкъахь доьжначу девнехь къедано шафиIийн мазхIабехь кхел еш. Цундера, иштта хIума юкъа доьлча, шеш Iачу меттера Iелимнахе яйта еза шайна юкъахь кхел. ХIунда аьлча, хIора а махкара, юртара, урамера хьал а, адам а цигахь Iачунна дика девзу.

Ткъа Iелимнехан барт хилла, нагахьсанна нанас бераш динехь кхиор дацахь, йа иза берашца во хир ялахь, йа цуо бераш талхор далахь - бераш ненац дуьтур дац аьлла. Уьззуг де хьокъехь а ду, дас бераш динехь кхиор дацахь, йа иза берашца во хир валахь, йа цуо бераш талхор далахь. ШарийIато лохург берашна маслахьат ду, зе дац.

Иштта, Iелимнехан барт хилла ду - хIусамдас хIусамнана йитича, бераш ненаца далахь а царна юург а, мерг а, тIедухар а, Iа меттиг а латто езаш верг да хилар. Дена тIехь ду, доьзулна рицкъа латтадар, шен ницкъа кхочучу барамехь, и доьзул ненаца балахь а, иштта, нана хьал долуш ялахь а.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.4K viewsedited  15:18
Ochish/sharhlash