Get Mystery Box with random crypto!

Суннатан ОхIла

Telegram kanalining logotibi sunnatanokhla1441 — Суннатан ОхIла С
Telegram kanalining logotibi sunnatanokhla1441 — Суннатан ОхIла
Kanal manzili: @sunnatanokhla1441
Toifalar: Din
Til: Oʻzbek tili
Obunachilar: 2.02K
Kanalning ta’rifi

Хаттаран агIо: @hattaranago
Къуръанан маьIна:
https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah
Абу IабдуллахI:
http://t.me/umarabdulkhaliym1444

Ratings & Reviews

2.00

2 reviews

Reviews can be left only by registered users. All reviews are moderated by admins.

5 stars

0

4 stars

0

3 stars

0

2 stars

2

1 stars

0


Oxirgi xabar

2022-09-01 04:32:16 #Хаттар74

Салам маршал ду шуьг вежрий. Шуьг йишс дин хаттар хьокъехь хаттар кхолделла са, цо дин хаттар #Хаттар73 номерц ду. Са хаттар:
Со ши зуд ялийн ву, цер ревность бахьан долш дукх девнш хуьл тха чохь. Вовший 1иттарш йо итд. Ишт хьолехь ху насыхьат дир дар ахь? И девнш дааим хилч цхьаъ йит ези? муьлхуг йит ез цушинах? Аллах1 рез хуьлил хьун!



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Зудчун тIе зуда ялош верг милла валахь, цунна хаъдеза: эмгаршна (бухахь йолчуна а, тIеялийначуна а) юкъахь дар-дацарш, цатемаш хир буй, девнаш хила тарлой, церан эмгралла бахьан долуш.

Бусулба нехан наной болчу, Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) хIусамнаношна (Аллахl реза хуьлда царна) юкъахь а хилла, церан эмгралла бахьан долуш цатемаш. Вовшийн юкъахь дар-дацар хуьлуш меттиг а еъна, иштта, вовшийн аз айдеш меттиг а еъна. Уьш умматехь уггаре дика зударий бу, ткъа церан хIусамда, умматехь уггаре диканиг а ву. ХIетте а, царна юкъахь а хилла-лелла хIуманаш ду уьш.

Эмгралла АллахIа зудчунна чу диллина хIума ду. Цуьнгахь зудчо дазо хадош мел доцу, кигмерза хIуманашна тIехула цунна бехка билла йиш яц.

Ибну Хьажарс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «(Шина эмгарна юкъахь йолу) эмгралла, цхьаа зуда шех мерша йоцучу адамийн амаллехь махиллара ялахь - цунна бехказло ю, шен дашаца, леларца дазонаш хедош мелйоцу». [фатхьул-барий]

Царгара эмгралла бахьан долуш хIума мосуз долу хьо царца шога хиларо цхьаа пайда бийр бац. Мухлен хьехар деш, хаза, кIеда олуш кхетам бала беза.

Пайхамар (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) ша буьйса йоккхуш йолчу шен хIусамнана йолчу хIусаме, шен хIусамнаношха кхечу хIусамнанас кедахь яъхIума яитча, ша шана гергахь волчу хIусамнанас шен эмгралла меттах елла, тIе куьг тоьхна пхьегIа леттах тоьхна йохийча, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) мохь цахьекхна цунна, дов цадина цуо, делахь а, вахьа теIна, кагелла пхьегIа схьа гулийна, цу чу яъхIум схьагул еш, цуо аьлла: «Эмгралла меттах елла шун нена!» [Бухарис дийцна иза]

Оцу хьадийсан хьокъехь Ибну Хьажарс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Цу хьадийсехь гойтуш ду: эмгралла бахьан долуш цунгара деллачу хIуманехь цунна бехка билла йиш цахилар. ХIунда аьлча, цу хенахь цуьнан хьекъал дIадехьна хуьлу, эмгралло меттах еккхинчу чIогIачу оьхузлонна!» [фатхьул-барий]

Барт хиларан бахьнашха ду: Ахь царна юкъахь массо хIумангахь нийсо латтор, чохь Iе меттигаца, тIедухарца, рицкъанца, хенаца, леларца. Хьо царна юкъахь доьжначу хIуманехь нийсонца кхел еш хилар, шиннега цхьатерра ладугIуш, озабезамаш цалелош. Ахь царшинга вовший вониг ца алийтар, йа айхьа царшинах цхьангар делларг вукхунга цахьахдар. Иштта, кхидолу массо хIума ларош, тидам беш хьо хиларо шун чу беркат дохьур ду.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
198 views01:32
Ochish/sharhlash
2022-08-28 15:15:10 Герга йолчу ханчохь вай имам Iабдул-ГIаний ал-Макъдисис (АллахIа къинхетам бойла цунах) Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) доцца дахар дуьцуш жайна доьшур ду Даламукълахь!

Дешар хIокху вайн агIон тIехь хир ду: https://t.me/umarabdulkhaliym1444

Аса хIора дийнахь цхьац дарс чу хоттор ю, ткъа дакъалоцучара иза йоьшур ю. ЦултIехьа аса хаттар дийр ду опросац ешний аьлла, ша ешначо ешна эр ду.

Билгал ала хуур дац суна, делахь хетарехь шина кIирнах дешна девра ду вай жайна. Иза дакъалецначунна - боккха толам бу. Шен дерриг дахарехь Пайхамарах лецна цахиънарг хуур ду цунна шина кIиранчохь. ХIоранна а довза дезаш дерг а ду иза.

Вай доьшур долу жайнийн цIе а, цух лецна а къестина дуьцур ду вай дарсаш йола ялле хьалха. Ткъа доцца аьлча, жайнахь дуьцург: Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) куц-кеп, цуьнан амал, и схьа валар, и кхиар, цуьнан цIийна охIлу, цуо лелинарг, цуьнан накъостий, цуьнан гIазоташ, иштта кхиндIа а.

Дарс юкъахь цакхеташ хIума далахь хаттар https://t.me/Abdulkhaliym хIокху тIе даийта.
306 views12:15
Ochish/sharhlash
2022-08-25 05:08:09 Сийлахь волчу АллахIа бах: «Хьан Делора, уьш ийман диллина ма бац, цара шайна юкъахь доьжначунгахь хьоьга (АллахIан хьукманца) хьукма дайталца, цултIехьа царна шайгахь хало цахаълуш, уьш хиларах а муьтIахь хиллалца» [сурат ан-нисаъ, 65-гIа аят]

Жуьктиш а, насараш а "Хаза хези тхуна, Iеса хили тхо" олуш хилла, шеш дине кхойкхуш шайна бахкитиначу элчанашка, цара шайна цадезарг шайга де аьлча. Амма Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) царна бIостналла деш, вайга "Хаза хези тхуна, муьтIахь хили тхо" ала аьлла.

Сан хьехар ду хьоьга: АллахIан хьукман "хаза хези суна, мутIахь хили со" алар, цултIехьа хьайн хIусамдена муьтIахь хилар. Хьайн гIайратан дазонаш хедацадар а. АллахIах кхийрна, Цунна хьукманна хьо муьтIахь хилахь, АллахIа гаттонах паргIато йийр ю хьуна. Сийлахь волчу АллахIа бах: «АллахIах кхийрнарг милла валахь, Цуо паргIато лур ю цунна» [сурат ат-тIалакъ, 2-гIа аят]. ХIокху дуьненах хьайн цхьаъ йолу Iалашо - АллахI реза вар хилийта. Хьо ларало, къиямата дийнахь хьайх уьдун верг бахьан долуш АллахI хьайна оьхуза вагIийтарах!

Ткъа стаганна шологIа, кхологIа, йоьалгIа зуда ялаяр мац мегаш ду, мац мегаш дац бохучу хаттарна жоп #Хаттар29 лоьмарца карор ду хьуна.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
716 views02:08
Ochish/sharhlash
2022-08-25 04:56:46 #Хаттар73

Ассаламу Алайкум. Хаттар дар са: ШологI зуд яляр АллахI магийни хаъ сун, мегш дац цабах ас и, делахь сайн тIе ялор цадез сун, баккъала тешн ю со, сайн тIе зуд ялийч сайн цхьа цамгар хилла цхьаъ хир ду аьл. Ишт хьолехь сайн тIе зуд цаял яйт йиш юй са? Соьг и оццул лалур доцшехь сун тIе и яляр мегш ду кхи?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Бусулба адманна хаъдезарг, даиман цунна дагчохь хила дезарг - АллахI тIех-сов хьикмате хилар, ткъа Цунан хьукма - уггаре нийса хилар ду.

Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Ткъа АллахI вац хьукма дечарех уггаре нийса хьукма дийриг?!» [сурат ат-тийн, 8-гIа аят]

АллахIа цхьа хьукма лерина далахь, пайда цунгахь хиларехь цхьаа шеко хила езаш яц бусулба адамийн дагчохь, шен дегIана иза мел хала а, цадезаш а делахь.

ТIаман хьокъехь Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «ТIом бар шуна тIедиллина, шуна иза цадезаш хIума ду, шуна цхьа хIума цадеза тарло, иза шуна дика а долуш, иштта, шуна цхьа хIума деза тарло, иза шуна вон а долуш, АллахIан дика хаъ, шуна цахаъ» [сурат ал-бакъарат, 216-гIа аят]

АллахIа къонахошна билгалчу хьелашкахь тIом бар тIедиллина. Хала ду иза, дегIана цадезаш хIума а ду иза. Цунгахь къизалла ю, чевнаш ю, безачарех къастар ду, мостугIчун кера воьдуш, таIзарш, сий тIе кхидарш, цатемаш, тIехьало АллахI воцчун муха хир ю цахууш халонаш ю.

Цу дерригенца цхьана, цхьанне ала йиш яц - иза нийса хIума дац аьлла. ХIунда аьлча - иза АллахIан хьукма долун дера, вайн догIмашна мел цадезахь а, вайна дика долуш, пайде долуш. АллахIан дика хаъ, ткъа вайна цахаъ.

Сийлахь волчу АллахIа бах: «Бусулба стаганна а, бусулба зудчунна а шайн балхехь харжам ма бац, АллахIа а, Цуьнан Элчано а кхелйиначултIехьа» [сурат ал-ахьзаб, 36-гIа аят]

АллахIа кхелйина Сийлахьчу Къуръан чохь, АллахIа бах: «Аш шайна дика хетташ болу зударий балабе, шишша, кхокхха‚ йиъ-йиъ. Нагахьсан шаьш нийсо цаярна шу кхерахь - цхьаъ ялае» [сурат ан-нисаъ, 3-гIа аят]

АллахIа йиначу кхеланна муьтIахь хиларехь ю адамийн декъалалла. Иштта, цу кхеланна хьалха лелхарехь дакъазалла а ю.

Сийлахь волчу АллахIа бах: «ХIай ийман диллинарш! АллахIана а, Цуьнан Элчанна а хьалха ма лелха, АллахIах кхера» [сурат ал-хьужурат, 1-ра аят]. АллахIа а, Цуьнан Элчано а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) бохучунна тIехьа совца бохург ду иза.

Iелимнаха олу: Стаганна осал вара аьлла гIазотан букътоха бехказло цаелла АллахIа. Иштта, зудчунна а ца елла АллахIа бехказло, иза гIайрате яра аьлла, йиъ зуда магаярах букътоха.

АллахIан хьукманаш ду уьзуш, шайгахь умматана дуккха пайданаш болуш. ГIазот дар къонахошна хала далахь а, иза - нахана маршо, паргIато, сийлалла йолуш, иштта кхин а дуккха пайданаш цунца хиларе терра, йиъ зуда магаяр зударшна хала далахь а, цунгахь а бу стагана а, зудчуна а, умматана а дуккха пайданаш - уммат дебар, боьхалла дIаялар, бIаьрг ларбар, ойла ларяр, йижарийн сий лардар, иштта кхиндIа а. Оцу боьхалла дIаяларах а, йижарийн сий лардарах а ду - хIусамда дIавелча зудчунна маре ягIа йиш хилар.

Сан Йиша! Хьайна хьалха шиъ харжам биллича - Хьалхарниг: АллахIан хьукма. ШологIниг: кериста нехан хьукма. Хьайна мел халаделахь а, АллахIан хьукма хоржур ма дар ахьа. ХIунда аьлча, хьан харжам ялсаманна а, жоьжагIатанна а юкъахь болун дера. Ткъа тахана хьуна хьалха болу харжам уьззуг бу. АллахIа магадина долу "йиъ зуда ялаяр" хьукма емал деш, харцдеш, сакъте дийриш кериста нах ма бу.

Цу шинна хьукмана хьокъехь Сийлахь волчу АллахIа бах: «ЖахIилийн хьукма деза царна?! Ткъа мила ву АллахIал хьукма хаза долуш, тешашболучарна?!» [сурат ал-маидат, 50-гIа аят]

Цу аяташ гойту: Вай АллахIах тешаш делахь, къонахийн ойла хилаезаш хилар "Сайна мел халаделахь а, АллахIа сайн тIедиллина гIазотан хьукман муьтIахь ма ву со". Иштта, зударийн ойла хилаезаш хилар а "Сайна мел халаделахь а, АллахIа йиъ зуда магаяран хьукман муьтIахь ма ю со". Оцу ойланци бен декъалалла яц вайна.

Адам бусулба хуьлуш дац, цуо шен ойла АллахIан хьукманна муьтIахь ялаллца.
667 views01:56
Ochish/sharhlash
2022-08-12 00:26:54 #Хаттар72

Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1. Цхьам къинтера валлахь шена аьлча, цуьнга Дела волила хьуна со санна къинт1ера алар мегш дац олш хеззер. Цунах дерг билгал да хьара аш. Аллах1а диканца бекхам бойла!



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

"Со санна" бохучух лууш дерг - АллахIа гечдойла хьуна, сан дагахь хIума цадуьсуш, со къинтIера ма-валлара хьуна тIехь цух къа цадуьтуш, бохург далахь, иза дуIа ду, цамегаш, къа хуьлуш хIума дац, иштта иза цаалар волехь делахь а. ХIунда аьлча, АллахIан хьокъехь долчу хIумангахь "Со санна" бохуш долу хIума лела цадар волехь ду, цух лууш дерг хIуа далахь а.

Хаттарна жоплуш, дIабагIанчу умматан хьалхарчу Iелимнехан дешнашца далар дезар суна даиманна. Ткъа оцу хьан хаттаран хьокъехь дIабагIанчу Iелимнехан жоп суна гина дац, цу хенахь иштта дешнаш лелла аьлла а.

Цундера аса и хаттар Шайх Халид ал-Фулайжегаъ, Шайх IабдуллахI ан-Нафийсегаъ хеттира (АллахIа Iалаш войла ишиъ).

Шайх Фулайжас цамегаш хIуммаъ дац иштта и дешнаш алар бах. Амма IабдуллахI Нафийсас ца алар волехь ду иза бах, хIунда аьлча, АллахIан хьокъехь "Со санна" бохуш дерг дита деза, АллахIан къинтхетам адамийн къинхетамах тарабеш санна хеза и дешнаш (иза иштта дацахь а).

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.4K viewsedited  21:26
Ochish/sharhlash
2022-08-11 00:14:23 #Хаттар71

Ассаламу 1алайкум.
До1а дина ваьлча куьгш йуьхь т1и хьакхар мегаш дац бохург бакъ дуй? Бух болш хум дац и бохург?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

ДуIа дина велча куьгаш юьхь тIе хьакхар цамегаш хIума дац, цахьакхар дика далахь а. Цхьаболчу Iеламнаха дика лерна а, цхьаболчу Iеламнаха дика цалерна а, хилплонехь хаттар ду иза, цу хьокъехь дехкина хьадийсаш гIийла хиларна.

ДуIа деш куьгаш айдаран хьокъехь дехкина хьадийсаш цIена бух болуш ду. Ткъа дуIа диначултIехьа куьгаш юьхь тIе хьакхарна хьокъехь дехкина хьадийсашха цхьаа хьадис цIена бух болуш дац, мухлен а, чIогIа гIийла зIе йолуш ду уьзуш. Масалан: Имам Ахьмадс, Имам Маликс (АллахIа къинхетам бойла цушиннех), шайна бух болуш цхьаа хьадис цахаъ аьлла, дуIа диначултIехьа куьгаш юьхь тIе хьакхар дуьцуш.

Цундера Iелимнаха олу: ДуIа диначултIехьа куьгаш юьхь тIе цахьакхар дика ду, нийса а ду. Ткъа нагахьсан цхьамма хьокхуш хилахь, цунга махьакха эра дац. ХIунда аьлча, цхьаболчу Iеламнаха (масалан: Ибну Хьажарс) иза дика лерина хиларна, цу хьокъехь дехкина хьадийсаш цхьадолчара вукхарна тоьшалла деш ду аьлла.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.2K viewsedited  21:14
Ochish/sharhlash
2022-08-05 00:59:06 Гулдина жоьпаш:

61 - Зул-хьижжа беттан итт де, массо дийналла деза ду бохург бух болуш дуй? Оцу деношкахь такбир муха дан деза?

62 - Зул-хьижжа беттан итт дийнахь марха кхабар суннат дуй? Мархийн баттахь юкъар девла марханаш царца доькхуш кхаба мегар дуй?

63 - ГIурбана а, Iакъийкъатана а шинне ният дина цхьана устагIна урс хьекхча, шиннех а кхачо хир юй?

64 - Зудчунна цахоуьтуш, къайлах цунна тIе зуда яло мегаш дуй?

65 - Къиношха тоба муха дан деза?

66 - Адам хIун адам ду муха девзуш хуьлу?

67 - Кхечунна дIаюхкур йоцуш бехкам хIоттийна хIума йохкаран хьукма хIун ду?

68 - ЦIоцкъамашна ламинировани я мегаш дуй?

69 - Бера кийрахь долуш делча, нанас шовзткъа де лардан дезий ламаз цадеш?

70 - Зудчо цIоцкъамаш басар дан мегий?

https://t.me/sunnatanokhla1441
1.3K viewsedited  21:59
Ochish/sharhlash
2022-08-02 21:12:34 #Хаттар70

Ассаламу Алайкум. Бровиш красить да меги зудчо? Уьш красить дич Дел кхоллам хийцар ду, Дал не1алт ол бохуг бакъ дуй?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Мегаш ду. Иза зудчо шен балдашна басар хьакхара санна ду олу Iелимнаха. Вай ламинировани яран хьокъехь ма-аллара - Иза шен хIусамдена кечяларна (хазаяларна) юкъа догIуш ду, оцу ойланца еш ялахь, магарал совнаха ял хуьлуш хIума ду иза!

ЦIоцкъамаш басар дар АллахIан кхоллам хийцарна юкъадогIуш дац.

Iелимнаха аьлла: АллахIан кхоллам хийцар даиман долчу хIуманехь хуьлуш ду. Масала: ДIадолуш доцуш, даиман дуьсуш долу басар ян мегар дац, иза АллахIан кхоллам хийцар ду. Амма дIадолуш долуш, даиман дуьсуш доцу басар (кайал, хна, йа и санна кхидолу басар) ян мегар ду, иза кхоллам хийцар дац, кхоллам ша махиллара буьсуш бу, амма иза кечялар, хазаялар ду.

Амма цIоцкъамаш басар диначунна АллахIа наьIалт аьлла бохург бакъ дац. Схьахетарехь и аьллариг хьадийсах нийса ца кхетна, йа иза а цу юкъадогIу моьттуш гIалат велла. Хьадийсехь дихкинарг (цамагийнарг) цIоцкъамаш бухадахар ду, басар дар дац.

IабдуллахI ибну МасIуда (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIа наьIалт аьлла татуировка ечунна, иза шена йойтучунна, иштта, юьхьан чоьш (цIоцкъамаш) бухадохучунна, уьш буха дохуьтучунна, иштта хазаллийна цергаш нилха йохучарна, АллахIан кхоллам хуьйцучарна» [Муслима дийцна иза]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.3K views18:12
Ochish/sharhlash
2022-07-29 00:44:38 #Хаттар69

Ассаламу 1алейкум: Нена кийрахь долш бер д1аделч, цулт1ехь зуд 40 дийнахь ламаз цадеш 1а ези?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Кийрахь долчу беран адамийн меженаш (корта, йа куьг, йа ког, йа пIелг) гучайовлаз йолуш иза дIаделлехь - зудчо ламаз дан деза, марха кхаба деза. Амма и араделла детна цIий цхьанхьа дIаIанор ду, беша а, бешалла арахьа а башхула яц.

Амма нагахьсан кийрахь долчу беран адамийн меженашха цхьа меже: корта, йа куьгаш, йа когаш, йа пIелгаш гучадевла долуш иза дIаделлехь - зудчо ламаз дан а, марха кхабан а мегар дац нифас¹ чеккха даллалца. Амма дIаделла долу бера кешнишка дIадуллур ду.

Ткъа нена кийрахь долчу беран адамийн куц-кеп (меженаш) гучайолуш йолу хан - кхо бутт бу. Къин а дика кхетош аьлча - дезткъе цхьа де ду. Цулла хьалха кийрахь долчу беран меженаш кхоллалуш яц.

АллахIа бах: «Оха шу кхоьллина поппарах, цултIехьа тIадамах (ораллах), цултIехьа детначу цIийнах, цултIехьа жижиган кийсаках, куц-кеп долчу а, доцучу а» [сурат ал-хьажж, 5-гIа аят]

Ткъа жижиган кийсак кхоллаяларан хан - дезткъе цхьа де ду.

Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шун кхоллам ненан кийрахь шовзткъа дийнахь гулабо, цултIехьа кхин оццула ханчохь цух детна цIий хуьлу, цултIехьа кхин оццула ханчохь цух жижиган кийсак хуьлу, цултIехьа АллахIа малик догIуьтий, цунга омур до диъ дош дIаяздарца. Цуьнга олу: ДIаязъе цуьнан Iамал, цуьнан рицкъа, цуьнан хан, иза дакъаза вера ву, йа декъала хира ву. ЦултIехьа цунна чу са кхуллу» [Бухарис дийцна иза]

¹Нифас - доьзулхо дуьненчу веллачултIехьа зудчунна гучадолуш долу цIий ду. Оцу ханчохь царна Iибадатах ламаз дан а, марха кхабан а, каIбатанна тIаваф дан а мегаш дац.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.3K views21:44
Ochish/sharhlash
2022-07-28 07:52:26 #Хаттар68

Ассаламу Алайкум. Ламинирование ресниц и бровей зудчун мегш дуй динехь?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Мегаш ду. Иза шен хIусамдена кечяларна (хазаяларна) юкъа догIуш ду, оцу ойланца еш ялахь, магарал совнаха ял хуьлуш хIума ду иза!

Делахь а, тидам бан безаш цхьа хIума ду - (суна хаарехь) ламинировани йиначултIехьа чонах цхьана дийнахь-буса хи кхетита йиш яц, ткъа оцу ханчохь ламаз эца деза зудчунна. Цундера ламинировани яр зудчуна хьайда (баттахь цкъа хуьлуш долчу лазаран цIий) долчу ханчохь йа нифас (доьзулхо виначултIехьа хуьлуш долу цIий) долчу ханчохь хила деза. Оцу ханчохь иза ламаз эцаре хьашт хира йоцундера.

Иштта, и йиначултIехьа, и ялле ма-хиллара, хийрачу борша нахана шен юьхь гайтар хьарам ду цунна.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
1.1K viewsedited  04:52
Ochish/sharhlash