Get Mystery Box with random crypto!

#Хаттар63 Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1. Г1 | Суннатан ОхIла

#Хаттар63

Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1.
Г1урбана а 1акъикъатана а ши нигат дина цхьан устаг1ан урс хьекхч шиэ кхочш хир дуй?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

ГIурбана а, Iакъийкъатана а шинне ният дина цхьана уьстагIна урс хьекхча гIурба а, Iакъийкъат а кхочуш хир ду аьлла цхьаболчу Iалимнаха. Иштта, оцу хьолехь кхочуш хир дац аьлла а бу Iалимнахах.

Вайна гергахь тоьлуш долу дош, вайна нийсонна герга хетарг - иза гIурбана а, Iакъийкъатана а шинне ният дина цхьана уьстагIна урс хьекхча гIурба а, Iакъийкъат а кхочуш хир ду аьлларг ду. Иза кхочуш хир ду аьллачарех ву: Хьасанул-Басрий а, Мухьаммад ибну Сирийн а, ХIишама а, Къатадат а ишта кхиболу Iалимнах а (АллахIа къинхетам бойла царех).

Ибну Абий Шайбатас Хьасанул-Басрех дийцна, Цуо элира аьлла: «Доьзулхочун тIера гIурба дийча цуьнан Iакъийкъатан кхачо хуьлу».

Иштта, ХIишамах а, Ибну Сирийнах а дийцна, царшима элира аьлла: «ГIурбано Iакъийкъатах кхачо йо цунна» [мусаннаф]

Ал-БухIутис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Iакъийкъат а, гIурба а цхьанакхетахь, и шиэ дагалоцуш ният дича, и шиэ кхочуш хир ду могIанехьара (Имам Ахьмадас ма аллар)» [кашшафул-къинаI]

Шайх Мухьаммад бин ИброхIиймас а (АллахIа къинхетам бойла цунах) хержина иза, воле дериг цхьана устагIаца гIурбана а, Iакъийкъатана а кхачо хир ю аьлла. [фатава аш-шайх Мухьаммад бин ИброхIийм]

Иза Iалимнаха тардо Iийдана а, рузбана а де цхьана нисделча цхьауз лийчаро Iийдана лийчарна суннатан а, рузбана лийчарна суннатан а кхачо еш хиларах. Иштта, фард лийчар тIера даккхаран ниятаца а, рузбана лийчарна суннатан ниятаца а цхьауз лийчаро шиэ ният кхочуш хиларе терра.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441