Get Mystery Box with random crypto!

#Хаттар61 Ассаламу 1алайкум, хаттар дар: Х1ар зуль хьиджа 10 | Суннатан ОхIла

#Хаттар61

Ассаламу 1алайкум, хаттар дар: Х1ар зуль хьиджа 10 де массо динал дез ду бохуг бух болш дуй? Такх такбир де олкх х1окх деношкахь, и мух да дезш ду? Нах баш-баш дяш гинер сун.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Зул-хьижжа беттан деношна дозалла довзан кхачаме ду Сийлахь волчу АллахIа оцу деношца чIагIо йина хилар.

Сийлахь долчу Къуръан чохь АллахIа чIагIо еш бах: «Итт буьсанца чIагIо йо Аса» [сурат ал-фажр, 2-гIа аят]

Оцу аятехь АллахIа дуьцург зул-хьижжа беттан хьалхара итт де ду аьлла Ибну Iаббаса а, Ибну Зубайрас а, МужахIидас а, иштта, дуккха салафша а Аллахl реза хуьлда царна. Ибну Касирас (АллахIа къинхетам бойла цунах) шен тафсирехь, иза тоьлуш долу дош ду а аьлла.

Зул-хьижжа беттан хьалхара итт денчохь йина Iамал, АллахIан дукха езаш ю, кхечу муьлха а деношкахь йиначу Iамалелла а.

Ибну Iаббасах (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, Цуо элира: «АллахIан Элчано (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Деношха цхьаа де дац, шайна чохь йина дика Iамал АллахIана хIокху деношкахь йиначу Iамалелла дукха езаш». Цара (Асхьабаш) хеттира: «ХIай АллахIан Элча, АллахIан новкъахь долу гIазот а дац?», Цуо элира: «АллахIан новкъахь долу гIазот а дац, нагахьсанна шен дегIаца а, шен дехница а ара велла, цултIехьа царех цхьанне хIуманца юхавирзина воцу къонах воцург» [Бухарис дийцна иза].


Ткъа зул-хьижжа беттан хьалхара деношкахь такбир дар а дикачу Iамалшах ду.

ТабиIинех волу Имам МужахIидах (АллахIа къинхетам бойла цунах) дуьйцу, Цуо аьлла: «Абу ХIурайра а, Ибну Iумар а хIокху итт денчохь базара вогIий такбир деш хилара, иштта, царшинца цхьана наха а дора такбир, (оцу такбиран бен) кхи хIуманна вогIуш вацар ишиъ (базар)» [Иза дийцина Iабдул-Iазийз бин жаIфарс "аш-шафий" олучу жайнахь]

Такбир бохург - АллахIу Акбар (АллахI Воккха ву) алар ду.

Зуль-хьижжа хьалхара итт денчохь дечу такбиран кепаш тайп-тайпана ю, царех муьлхуг а лело йиш йолуш ю. Царех цхьа йолу кепаш иштта ю:

Iалий ибну абий ТIолиба а, IабдуллахI ибн МасIуда а такбиран кеп иштта хилла: "АллаахIу акбар, АллаахIу акбар, лаа илаахIа иллаллаахI, вАллаахIу акбар, АллаахIу акбар, ва лиллаахIилхьамд"

Ибну Iаббаса такбиран кеп иштта хилла: "АллаахIу акбар кабийроо, АллаахIу акбар кабийроо, АллаахIу акбар ва-ажаллу, АллаахIу акбар, ва лиллаахIилхьамд" [мажмуIату шайх ал-хьасаний]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441