Get Mystery Box with random crypto!

#Хаттар62 Ассаламу 1алейкум варохьматуллох1и вабарокатух1у! З | Суннатан ОхIла

#Хаттар62

Ассаламу 1алейкум варохьматуллох1и вабарокатух1у! Зуль Хиджжа бетта хьалхар 10 дийнахь марх кхабар суннат дуй?, нагахьсан суннат далахь, мархи баттахь юкъар даьл дол мархниш кхаба меги цхьанне?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Зул-хьижжат беттан хьалхара деношкахь марха кхабар а, иштта, муьлха кхийолу дика Iамал ярехь сов валар дика а, деза а, суннат а ду.

Ибну Iаббасах (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, Цуо элира: «АллахIан Элчано (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Деношха цхьаа де дац, шайна чохь йина дика Iамал АллахIана хIокху деношкахь йиначу Iамалелла дукха езаш». Цара (Асхьабаш) хеттира: «ХIай АллахIан Элча, АллахIан новкъахь долу гIазот а дац?», Цуо элира: «АллахIан новкъахь долу гIазот а дац, нагахьсанна шен дегIаца а, шен дехница а ара велла, цултIехьа царех цхьанне хIуманца юхавирзина воцу къонах воцург» [Бухарис дийцна иза].

Оцу хьадийсехь вайна билгалдолу: зул-хьижжат беттан хьалхара деношкахь йиначу муьлха а дикачу Iамалах, кхечу деношкахь йиначу Iамалелла а алсам ял хуьлуш хилар. АллахI хьехавар, Къуръан дешар, ламазаш дар, марханаш кхабар, АллахIан новкъахь къахьегар, сагIа далар, бисин Iачу йижарийн, бо берийн, мискачу нехан гIулкхе хьажар, диканиг де, вониг маде олуш хилар, иштта, муьлха АллахIан герга вуьгуш долу дика хIума цу хьадийса юкъадогIу.

Иштта, рамадан (мархийн) баттахь кхабаз дисинадолу марханаш, зул-хьижжат беттан деношкахь доькхуш кхаба а мегаш ду.

Амма, тидам бан беза, зул-хьижжат беттан хьалхара деношха марха кхобург исс де ду, ткъа уьттолгIа де Iийда ду, амма Iийдан дийнахь марха кхабар мегаш цахилар Iелимнехан барт хилла ду.

Абу СаIийд ал-худрис (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) марханна Iийдан дийнахь а, гIурбанна Iийдан дийнахь а марха кхабар дихкина (цамагийна)» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441