Get Mystery Box with random crypto!

#Хаттар67 Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1. PD | Суннатан ОхIла

#Хаттар67

Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1. PDF папка бу телефон чохь, и папка бухкуш аьцца бу ас. Амма кхечуна д|абахьита аманат дина боху шаьш, сан бакъо яц боха. Нагсанна ас и ахча делла аьцца хилча, и сан бац сайна луарг цунах да? Аманат ала бакъо ю? Аманат хилча цу т|аьхь ларош ду иза? Хуъчо далиль далош жоп лахьара!



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Бехкам хIоттош хIума йохкаран масала, юхкуш волучо алар ду: "Аса хIара хIума йухку хьуна, ахьа кхечунна дIайухкур йоцуш бехкам а хIоттабо аса."

Оцу хьолехь йохка-эцаран хьокъехь Iелимнахана юкъахь хилпло ю:

ШафиIийн мазхIабехь иштта дукхах долчу мазхIабашна гергахь иштта йохкар нийса дац, цу хьолехь бина мах а, хIоттина бехкам а нийса бац. Амма оцу мазхIабашкахь цхьаболчу Iелимнаха, къестина Имам Ахьмадан мазхIабехь дукхах болчу Iелимнаха цу хьолехь бина мах нийса бу, амма хIоттийна бехкам нийса бац аьлла.

Ткъа нийсонна герга дерг - Нагахьсан цу хьолехь бехкам хIоттабар цхьана маслахьатан далахь иза ларбар эцначунна тIехь ду.

Масала: стага шен ул-уллера шина декъах цхьа дакъа, ков-керт духкуш далахь, оьцучунга шен довхо оцу декъа тIе кхачар цадезаш олу: "Аса хIара дакъа, ков-керт духку хьуна, ахьа хьенехан духкур доцуш бехкам а хIоттабо аса". Оцу хьолехь и бехкам ларбар тIедужу дакъа эцначунна. Иштта, кхин муьлха а юхкучунна, оьцучунна, юхкучу хIуманна маслахьате долу йохка-эцар а оцу юкъа догIу. Иза Имам Ахьмадах деъна, иштта Ибну Таймиййас а, Ибнул-Къаййима а (АллахIа къинхетам бойла царах) иза нийса дерг ду аьлла хержина.

Къестина хьан хаттарна хьокъехь, иза (PDF папка) хьуна боьхкинчеран шайн болх балахь, ахьа иза кхечарна дIабохкарца, йа дIасабаларца церан йохка-эцар галерйолуш, йа гIеллурйолуш ялахь, пайда боцуш, хIуьтренна, гамонна, гаттонна хIума дацахь, оцу хьолехь хьуна тIехь ду цара хIоттийна бехкам ларбан.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441