Get Mystery Box with random crypto!

Герга йолчу ханчохь вай имам Iабдул-ГIаний ал-Макъдисис (Аллах | Суннатан ОхIла

Герга йолчу ханчохь вай имам Iабдул-ГIаний ал-Макъдисис (АллахIа къинхетам бойла цунах) Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) доцца дахар дуьцуш жайна доьшур ду Даламукълахь!

Дешар хIокху вайн агIон тIехь хир ду: https://t.me/umarabdulkhaliym1444

Аса хIора дийнахь цхьац дарс чу хоттор ю, ткъа дакъалоцучара иза йоьшур ю. ЦултIехьа аса хаттар дийр ду опросац ешний аьлла, ша ешначо ешна эр ду.

Билгал ала хуур дац суна, делахь хетарехь шина кIирнах дешна девра ду вай жайна. Иза дакъалецначунна - боккха толам бу. Шен дерриг дахарехь Пайхамарах лецна цахиънарг хуур ду цунна шина кIиранчохь. ХIоранна а довза дезаш дерг а ду иза.

Вай доьшур долу жайнийн цIе а, цух лецна а къестина дуьцур ду вай дарсаш йола ялле хьалха. Ткъа доцца аьлча, жайнахь дуьцург: Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) куц-кеп, цуьнан амал, и схьа валар, и кхиар, цуьнан цIийна охIлу, цуо лелинарг, цуьнан накъостий, цуьнан гIазоташ, иштта кхиндIа а.

Дарс юкъахь цакхеташ хIума далахь хаттар https://t.me/Abdulkhaliym хIокху тIе даийта.