Get Mystery Box with random crypto!

#Хаттар74 Салам маршал ду шуьг вежрий. Шуьг йишс дин хаттар х | Суннатан ОхIла

#Хаттар74

Салам маршал ду шуьг вежрий. Шуьг йишс дин хаттар хьокъехь хаттар кхолделла са, цо дин хаттар #Хаттар73 номерц ду. Са хаттар:
Со ши зуд ялийн ву, цер ревность бахьан долш дукх девнш хуьл тха чохь. Вовший 1иттарш йо итд. Ишт хьолехь ху насыхьат дир дар ахь? И девнш дааим хилч цхьаъ йит ези? муьлхуг йит ез цушинах? Аллах1 рез хуьлил хьун!



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Зудчун тIе зуда ялош верг милла валахь, цунна хаъдеза: эмгаршна (бухахь йолчуна а, тIеялийначуна а) юкъахь дар-дацарш, цатемаш хир буй, девнаш хила тарлой, церан эмгралла бахьан долуш.

Бусулба нехан наной болчу, Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) хIусамнаношна (Аллахl реза хуьлда царна) юкъахь а хилла, церан эмгралла бахьан долуш цатемаш. Вовшийн юкъахь дар-дацар хуьлуш меттиг а еъна, иштта, вовшийн аз айдеш меттиг а еъна. Уьш умматехь уггаре дика зударий бу, ткъа церан хIусамда, умматехь уггаре диканиг а ву. ХIетте а, царна юкъахь а хилла-лелла хIуманаш ду уьш.

Эмгралла АллахIа зудчунна чу диллина хIума ду. Цуьнгахь зудчо дазо хадош мел доцу, кигмерза хIуманашна тIехула цунна бехка билла йиш яц.

Ибну Хьажарс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «(Шина эмгарна юкъахь йолу) эмгралла, цхьаа зуда шех мерша йоцучу адамийн амаллехь махиллара ялахь - цунна бехказло ю, шен дашаца, леларца дазонаш хедош мелйоцу». [фатхьул-барий]

Царгара эмгралла бахьан долуш хIума мосуз долу хьо царца шога хиларо цхьаа пайда бийр бац. Мухлен хьехар деш, хаза, кIеда олуш кхетам бала беза.

Пайхамар (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) ша буьйса йоккхуш йолчу шен хIусамнана йолчу хIусаме, шен хIусамнаношха кхечу хIусамнанас кедахь яъхIума яитча, ша шана гергахь волчу хIусамнанас шен эмгралла меттах елла, тIе куьг тоьхна пхьегIа леттах тоьхна йохийча, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) мохь цахьекхна цунна, дов цадина цуо, делахь а, вахьа теIна, кагелла пхьегIа схьа гулийна, цу чу яъхIум схьагул еш, цуо аьлла: «Эмгралла меттах елла шун нена!» [Бухарис дийцна иза]

Оцу хьадийсан хьокъехь Ибну Хьажарс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Цу хьадийсехь гойтуш ду: эмгралла бахьан долуш цунгара деллачу хIуманехь цунна бехка билла йиш цахилар. ХIунда аьлча, цу хенахь цуьнан хьекъал дIадехьна хуьлу, эмгралло меттах еккхинчу чIогIачу оьхузлонна!» [фатхьул-барий]

Барт хиларан бахьнашха ду: Ахь царна юкъахь массо хIумангахь нийсо латтор, чохь Iе меттигаца, тIедухарца, рицкъанца, хенаца, леларца. Хьо царна юкъахь доьжначу хIуманехь нийсонца кхел еш хилар, шиннега цхьатерра ладугIуш, озабезамаш цалелош. Ахь царшинга вовший вониг ца алийтар, йа айхьа царшинах цхьангар делларг вукхунга цахьахдар. Иштта, кхидолу массо хIума ларош, тидам беш хьо хиларо шун чу беркат дохьур ду.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441