Get Mystery Box with random crypto!

Сийлахь волчу АллахIа бах: «Хьан Делора, уьш ийман диллина ма | Суннатан ОхIла

Сийлахь волчу АллахIа бах: «Хьан Делора, уьш ийман диллина ма бац, цара шайна юкъахь доьжначунгахь хьоьга (АллахIан хьукманца) хьукма дайталца, цултIехьа царна шайгахь хало цахаълуш, уьш хиларах а муьтIахь хиллалца» [сурат ан-нисаъ, 65-гIа аят]

Жуьктиш а, насараш а "Хаза хези тхуна, Iеса хили тхо" олуш хилла, шеш дине кхойкхуш шайна бахкитиначу элчанашка, цара шайна цадезарг шайга де аьлча. Амма Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) царна бIостналла деш, вайга "Хаза хези тхуна, муьтIахь хили тхо" ала аьлла.

Сан хьехар ду хьоьга: АллахIан хьукман "хаза хези суна, мутIахь хили со" алар, цултIехьа хьайн хIусамдена муьтIахь хилар. Хьайн гIайратан дазонаш хедацадар а. АллахIах кхийрна, Цунна хьукманна хьо муьтIахь хилахь, АллахIа гаттонах паргIато йийр ю хьуна. Сийлахь волчу АллахIа бах: «АллахIах кхийрнарг милла валахь, Цуо паргIато лур ю цунна» [сурат ат-тIалакъ, 2-гIа аят]. ХIокху дуьненах хьайн цхьаъ йолу Iалашо - АллахI реза вар хилийта. Хьо ларало, къиямата дийнахь хьайх уьдун верг бахьан долуш АллахI хьайна оьхуза вагIийтарах!

Ткъа стаганна шологIа, кхологIа, йоьалгIа зуда ялаяр мац мегаш ду, мац мегаш дац бохучу хаттарна жоп #Хаттар29 лоьмарца карор ду хьуна.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441