Get Mystery Box with random crypto!

#Хаттар73 Ассаламу Алайкум. Хаттар дар са: ШологI зуд яляр Ал | Суннатан ОхIла

#Хаттар73

Ассаламу Алайкум. Хаттар дар са: ШологI зуд яляр АллахI магийни хаъ сун, мегш дац цабах ас и, делахь сайн тIе ялор цадез сун, баккъала тешн ю со, сайн тIе зуд ялийч сайн цхьа цамгар хилла цхьаъ хир ду аьл. Ишт хьолехь сайн тIе зуд цаял яйт йиш юй са? Соьг и оццул лалур доцшехь сун тIе и яляр мегш ду кхи?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Бусулба адманна хаъдезарг, даиман цунна дагчохь хила дезарг - АллахI тIех-сов хьикмате хилар, ткъа Цунан хьукма - уггаре нийса хилар ду.

Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Ткъа АллахI вац хьукма дечарех уггаре нийса хьукма дийриг?!» [сурат ат-тийн, 8-гIа аят]

АллахIа цхьа хьукма лерина далахь, пайда цунгахь хиларехь цхьаа шеко хила езаш яц бусулба адамийн дагчохь, шен дегIана иза мел хала а, цадезаш а делахь.

ТIаман хьокъехь Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «ТIом бар шуна тIедиллина, шуна иза цадезаш хIума ду, шуна цхьа хIума цадеза тарло, иза шуна дика а долуш, иштта, шуна цхьа хIума деза тарло, иза шуна вон а долуш, АллахIан дика хаъ, шуна цахаъ» [сурат ал-бакъарат, 216-гIа аят]

АллахIа къонахошна билгалчу хьелашкахь тIом бар тIедиллина. Хала ду иза, дегIана цадезаш хIума а ду иза. Цунгахь къизалла ю, чевнаш ю, безачарех къастар ду, мостугIчун кера воьдуш, таIзарш, сий тIе кхидарш, цатемаш, тIехьало АллахI воцчун муха хир ю цахууш халонаш ю.

Цу дерригенца цхьана, цхьанне ала йиш яц - иза нийса хIума дац аьлла. ХIунда аьлча - иза АллахIан хьукма долун дера, вайн догIмашна мел цадезахь а, вайна дика долуш, пайде долуш. АллахIан дика хаъ, ткъа вайна цахаъ.

Сийлахь волчу АллахIа бах: «Бусулба стаганна а, бусулба зудчунна а шайн балхехь харжам ма бац, АллахIа а, Цуьнан Элчано а кхелйиначултIехьа» [сурат ал-ахьзаб, 36-гIа аят]

АллахIа кхелйина Сийлахьчу Къуръан чохь, АллахIа бах: «Аш шайна дика хетташ болу зударий балабе, шишша, кхокхха‚ йиъ-йиъ. Нагахьсан шаьш нийсо цаярна шу кхерахь - цхьаъ ялае» [сурат ан-нисаъ, 3-гIа аят]

АллахIа йиначу кхеланна муьтIахь хиларехь ю адамийн декъалалла. Иштта, цу кхеланна хьалха лелхарехь дакъазалла а ю.

Сийлахь волчу АллахIа бах: «ХIай ийман диллинарш! АллахIана а, Цуьнан Элчанна а хьалха ма лелха, АллахIах кхера» [сурат ал-хьужурат, 1-ра аят]. АллахIа а, Цуьнан Элчано а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) бохучунна тIехьа совца бохург ду иза.

Iелимнаха олу: Стаганна осал вара аьлла гIазотан букътоха бехказло цаелла АллахIа. Иштта, зудчунна а ца елла АллахIа бехказло, иза гIайрате яра аьлла, йиъ зуда магаярах букътоха.

АллахIан хьукманаш ду уьзуш, шайгахь умматана дуккха пайданаш болуш. ГIазот дар къонахошна хала далахь а, иза - нахана маршо, паргIато, сийлалла йолуш, иштта кхин а дуккха пайданаш цунца хиларе терра, йиъ зуда магаяр зударшна хала далахь а, цунгахь а бу стагана а, зудчуна а, умматана а дуккха пайданаш - уммат дебар, боьхалла дIаялар, бIаьрг ларбар, ойла ларяр, йижарийн сий лардар, иштта кхиндIа а. Оцу боьхалла дIаяларах а, йижарийн сий лардарах а ду - хIусамда дIавелча зудчунна маре ягIа йиш хилар.

Сан Йиша! Хьайна хьалха шиъ харжам биллича - Хьалхарниг: АллахIан хьукма. ШологIниг: кериста нехан хьукма. Хьайна мел халаделахь а, АллахIан хьукма хоржур ма дар ахьа. ХIунда аьлча, хьан харжам ялсаманна а, жоьжагIатанна а юкъахь болун дера. Ткъа тахана хьуна хьалха болу харжам уьззуг бу. АллахIа магадина долу "йиъ зуда ялаяр" хьукма емал деш, харцдеш, сакъте дийриш кериста нах ма бу.

Цу шинна хьукмана хьокъехь Сийлахь волчу АллахIа бах: «ЖахIилийн хьукма деза царна?! Ткъа мила ву АллахIал хьукма хаза долуш, тешашболучарна?!» [сурат ал-маидат, 50-гIа аят]

Цу аяташ гойту: Вай АллахIах тешаш делахь, къонахийн ойла хилаезаш хилар "Сайна мел халаделахь а, АллахIа сайн тIедиллина гIазотан хьукман муьтIахь ма ву со". Иштта, зударийн ойла хилаезаш хилар а "Сайна мел халаделахь а, АллахIа йиъ зуда магаяран хьукман муьтIахь ма ю со". Оцу ойланци бен декъалалла яц вайна.

Адам бусулба хуьлуш дац, цуо шен ойла АллахIан хьукманна муьтIахь ялаллца.