Get Mystery Box with random crypto!

#Хаттар72 Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1. Цх | Суннатан ОхIла

#Хаттар72

Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1. Цхьам къинтера валлахь шена аьлча, цуьнга Дела волила хьуна со санна къинт1ера алар мегш дац олш хеззер. Цунах дерг билгал да хьара аш. Аллах1а диканца бекхам бойла!



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

"Со санна" бохучух лууш дерг - АллахIа гечдойла хьуна, сан дагахь хIума цадуьсуш, со къинтIера ма-валлара хьуна тIехь цух къа цадуьтуш, бохург далахь, иза дуIа ду, цамегаш, къа хуьлуш хIума дац, иштта иза цаалар волехь делахь а. ХIунда аьлча, АллахIан хьокъехь долчу хIумангахь "Со санна" бохуш долу хIума лела цадар волехь ду, цух лууш дерг хIуа далахь а.

Хаттарна жоплуш, дIабагIанчу умматан хьалхарчу Iелимнехан дешнашца далар дезар суна даиманна. Ткъа оцу хьан хаттаран хьокъехь дIабагIанчу Iелимнехан жоп суна гина дац, цу хенахь иштта дешнаш лелла аьлла а.

Цундера аса и хаттар Шайх Халид ал-Фулайжегаъ, Шайх IабдуллахI ан-Нафийсегаъ хеттира (АллахIа Iалаш войла ишиъ).

Шайх Фулайжас цамегаш хIуммаъ дац иштта и дешнаш алар бах. Амма IабдуллахI Нафийсас ца алар волехь ду иза бах, хIунда аьлча, АллахIан хьокъехь "Со санна" бохуш дерг дита деза, АллахIан къинтхетам адамийн къинхетамах тарабеш санна хеза и дешнаш (иза иштта дацахь а).

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441