Get Mystery Box with random crypto!

#Хаттар71 Ассаламу 1алайкум. До1а дина ваьлча куьгш йуьхь т1и | Суннатан ОхIла

#Хаттар71

Ассаламу 1алайкум.
До1а дина ваьлча куьгш йуьхь т1и хьакхар мегаш дац бохург бакъ дуй? Бух болш хум дац и бохург?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

ДуIа дина велча куьгаш юьхь тIе хьакхар цамегаш хIума дац, цахьакхар дика далахь а. Цхьаболчу Iеламнаха дика лерна а, цхьаболчу Iеламнаха дика цалерна а, хилплонехь хаттар ду иза, цу хьокъехь дехкина хьадийсаш гIийла хиларна.

ДуIа деш куьгаш айдаран хьокъехь дехкина хьадийсаш цIена бух болуш ду. Ткъа дуIа диначултIехьа куьгаш юьхь тIе хьакхарна хьокъехь дехкина хьадийсашха цхьаа хьадис цIена бух болуш дац, мухлен а, чIогIа гIийла зIе йолуш ду уьзуш. Масалан: Имам Ахьмадс, Имам Маликс (АллахIа къинхетам бойла цушиннех), шайна бух болуш цхьаа хьадис цахаъ аьлла, дуIа диначултIехьа куьгаш юьхь тIе хьакхар дуьцуш.

Цундера Iелимнаха олу: ДуIа диначултIехьа куьгаш юьхь тIе цахьакхар дика ду, нийса а ду. Ткъа нагахьсан цхьамма хьокхуш хилахь, цунга махьакха эра дац. ХIунда аьлча, цхьаболчу Iеламнаха (масалан: Ибну Хьажарс) иза дика лерина хиларна, цу хьокъехь дехкина хьадийсаш цхьадолчара вукхарна тоьшалла деш ду аьлла.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441