Get Mystery Box with random crypto!

ЛЕИД - ХЬЕХАМАШ

Telegram kanalining logotibi leid_hehamash — ЛЕИД - ХЬЕХАМАШ Л
Telegram kanalining logotibi leid_hehamash — ЛЕИД - ХЬЕХАМАШ
Kanal manzili: @leid_hehamash
Toifalar: Din
Til: Oʻzbek tili
Obunachilar: 2.41K
Kanalning ta’rifi

«Массо а даржашка хьаьжира со, Сийлахь-Везачу Аллахlан динан гlуллакххо хиларал сийлахь дарж ца карийра суна».
Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний

Ratings & Reviews

3.67

3 reviews

Reviews can be left only by registered users. All reviews are moderated by admins.

5 stars

2

4 stars

0

3 stars

0

2 stars

0

1 stars

1


Oxirgi xabar 2

2022-07-15 23:28:11 Ассаламу lалайкум.

Нагахь санна шайна лугlат lамош мутаlеламш бовзахь, мало ца еш хlара канал йовзийтахьара аша царна, Дала мукъалахь ял хира ю шуна. Къаьстина лугlат дlахьоьхуш йолу центарш (хьуьжарш) хlокху каналан ссылка шайн мутаlеламшна йовзийтича чlогlа дика хира дар.

https://t.me/qirarashida
907 views20:28
Ochish/sharhlash
2022-07-15 10:03:42 Тахана алсам доккхийла ахь вай Элчанна (ﷺ) салават диллар.

АллохIумма солли Iала́ Мухьаммад ва Iала́ а́ли Мухьаммад.

Ибн ал-Джавзис (رحمه الله) аьлла:

«Аллахlа Шен лена цхьа дика дан лиъча, цуьнан маттан атта до Пайхмарна ﷺ салаваташ дахкар».

«Бустан ал-ваlизын (1/300)»

https://t.me/leid_hehamash
838 views07:03
Ochish/sharhlash
2022-07-14 23:19:26
913 views20:19
Ochish/sharhlash
2022-07-14 23:12:25 ЛАМАЗАН ТАСБИХЬ

1. АстагIфирулло́хI (кхузза эр ду)

2. Алло́хIумма антассала́му ва минкассала́му таба́рокта йа́ зальжала́ли вальикро́м

3. Ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахIу́ лахIульмульку ва лахIульхьамду ва хIува Iала́ кулли шайъин къоди́р

4. Алло́хIумма ла́ ма́ниIа лима́ аIтIойта ва ла́ муIтIыйа лима́ манаIта вала́ йанфаIу зальжадди минкальжадду

5. Ла́ хьавла ва ла́ къуввата илла́ билла́хIи ла́ ила́хIа иллалло́хIу ва ла́ наIбуду илла́ иййа́хIу лахIунниIмату ва лахIульфадлу ва лахIуссана́ульхьасан, ла́ ила́хIа иллалло́хIу мухлисы́на лахIудди́на ва лав карихIаль-ка́фиру́н

6. «Айталкурс» доьшур ду

7. «Къулха» доьшур ду

8. «аль-Фалакъ» доьшур ду

9. «ан-Нас» доьшур ду

10. Субхьа́налло́хI (33)

11. Альхьамдулилла́хI (33)

12. Алло́хIу акбар (33)

13. Ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахIу́ лахIульмульку ва лахIульхьамду ва хIува Iала́ кулли шайъин къоди́р

14. Алло́хIумма аIинни́ Iала́ зикрика ва шукрика ва хьусни Iиба́датик.
………………………………………………………

Фарз ламазан тIаьхьа тасбихь даккхар чIагIдина суннат ду. Вай яздинарш хьадисашкахь бух болуш, деза азкарш ду. Ламазал тIаьхьа доьшуш долу доIанаш а, азкарш а шортта ду, делахь а вай доцца яздина дитина, хIора ламазехь лардан атта хилийта. Кху тIехь долучу азкаршах, иштта кхерал сов деша дагахь валахь а, царех муьлхха а хьалха-тIаьхьа даьккхина деша мегар ду. Шена тасбихь дагахь ца хуучо кху кехат тIера деша а мегар ду.
ХIара кехат ламаз карахь ца хиларх кара эца мегар ду. ХIара тасбихь ша ламаз дина йоллучу меттехь, цигара кхечанхьа а ца волуш, дар суннат ду.

Iаьрбийн элпаш нохчийн элпашца кхоччуш нийса ца язло. Цундела хIара тасбихь Iаьрбийн йоза хуучунна дIадеша цкъа деший а!

ХIара тасбихь хIора фарз ламазан тIаьхьа доккхуш лелоран пайда:
пхи бIе (500) сагIа даларан ял хуьлу, Ялсаманан чохь пхи бIе (500) дитт дугIу, къиношна гечдийр ду хIордан чопанал дукха уьш делахь а, «Айталкурс» дешна стаг Ялсамане ваха новкъарло ян цхьа а хIума хир дац.

https://t.me/leid_hehamash
868 views20:12
Ochish/sharhlash
2022-07-13 14:35:31 Цхьаболчу Iеламнаха аьлла: «Къуръане ладугIуш верг Къуръан доьшуш волчуьнца (ме́ла хиларехь) декъехь ву. ХIора элпах цхьа дика хуьлу цунна, ткъа хIора цхьа дика итт дика санна яздеш ду».

https://t.me/leid_hehamash
849 views11:35
Ochish/sharhlash
2022-07-12 23:41:48 «ДувайӀата ал-Анса́рийс аьлла: суна хезира Ӏумар Ибнул-ХаттӀа́ба цхьана стагна хьехам беш олуш:

«Хьайн бала боцург ма дийцалахь!
Хьайн мостагӀчух гена валалахь!
Тешаме воцчу накъостах ларлолахь!
Цхьа а тешаме вац хьуна иза АллахӀах кхоьруш а, Цунна муьтӀаьхь а вацахь!
Боьхачу нахаца ма лелалахь, цара шайгара боьхалла хьоьхура ю хьуна!
Хьайн къайле ма йовзийталахь!
Хьайн гӀуллакхехь Делах кхоьруш болчу нахаца бен дага ма валалахь!».

[Има́м ал-ХаттӀа́бий «Ал-Ӏузла» агӀо: 146]

https://t.me/leid_hehamash
890 views20:41
Ochish/sharhlash
2022-07-12 17:28:37 Леид - lуьйра ламазах лаце хатта ахьа хьайга.
(Аллахlа lалаш войла иза)

https://t.me/leid_hehamash
882 views14:28
Ochish/sharhlash
2022-07-12 17:27:29
869 views14:27
Ochish/sharhlash
2022-07-11 22:01:07 ХЬЕХАРХОЧУЬН ГIИЛЛАКХ, ЛАККХАРА КХЕТАМ

Школа яьккхина дикка шераш девллачул тIаьхьа цхьаьнакхеттачу дешархошна юкъара цхьа жимстаг веана хьехархочунна тIе:

– Ас динарг дагадогIий хьуна?

– ХIан-хIа, – аьлла хьехархочо.

– Муха? Жима волуш сайца доьшуш волчу кIентан сахьт лачкъийнера ас. И велха волавелира. Сахьт карадаллалц тхан дегIах хьожур ву элира ахь. Эхь хетта, со стенга вер ву ца хаьара суна. Айса хIун дийр ду ца хууш висинера. БIаьргаш дIа а хьаббай, пенехьа дерза элира ахь тхоьга. ХIораннан а кисанаш толлуш чекхволуш, суна тIекхаьчча сахьт хьаладаьккхира ахь… амма бисинчийн а кисанаш теллира. Сахьт шен дега дIа а делла, кхин цкъа а багах ца даьккхира ахь. И санна хIума дицлойла юй?

– ХIан-хIа, – элира хьехархочо. – Цу дийнахь шун дегIах хьожуш, сан бIаьргаш а бара хьаббина.

https://t.me/leid_hehamash
964 views19:01
Ochish/sharhlash