Get Mystery Box with random crypto!

«ДувайӀата ал-Анса́рийс аьлла: суна хезира Ӏумар Ибнул-ХаттӀа́ | ЛЕИД - ХЬЕХАМАШ

«ДувайӀата ал-Анса́рийс аьлла: суна хезира Ӏумар Ибнул-ХаттӀа́ба цхьана стагна хьехам беш олуш:

«Хьайн бала боцург ма дийцалахь!
Хьайн мостагӀчух гена валалахь!
Тешаме воцчу накъостах ларлолахь!
Цхьа а тешаме вац хьуна иза АллахӀах кхоьруш а, Цунна муьтӀаьхь а вацахь!
Боьхачу нахаца ма лелалахь, цара шайгара боьхалла хьоьхура ю хьуна!
Хьайн къайле ма йовзийталахь!
Хьайн гӀуллакхехь Делах кхоьруш болчу нахаца бен дага ма валалахь!».

[Има́м ал-ХаттӀа́бий «Ал-Ӏузла» агӀо: 146]

https://t.me/leid_hehamash