Get Mystery Box with random crypto!

ХЬЕХАРХОЧУЬН ГIИЛЛАКХ, ЛАККХАРА КХЕТАМ Школа яьккхина дикка ш | ЛЕИД - ХЬЕХАМАШ

ХЬЕХАРХОЧУЬН ГIИЛЛАКХ, ЛАККХАРА КХЕТАМ

Школа яьккхина дикка шераш девллачул тIаьхьа цхьаьнакхеттачу дешархошна юкъара цхьа жимстаг веана хьехархочунна тIе:

– Ас динарг дагадогIий хьуна?

– ХIан-хIа, – аьлла хьехархочо.

– Муха? Жима волуш сайца доьшуш волчу кIентан сахьт лачкъийнера ас. И велха волавелира. Сахьт карадаллалц тхан дегIах хьожур ву элира ахь. Эхь хетта, со стенга вер ву ца хаьара суна. Айса хIун дийр ду ца хууш висинера. БIаьргаш дIа а хьаббай, пенехьа дерза элира ахь тхоьга. ХIораннан а кисанаш толлуш чекхволуш, суна тIекхаьчча сахьт хьаладаьккхира ахь… амма бисинчийн а кисанаш теллира. Сахьт шен дега дIа а делла, кхин цкъа а багах ца даьккхира ахь. И санна хIума дицлойла юй?

– ХIан-хIа, – элира хьехархочо. – Цу дийнахь шун дегIах хьожуш, сан бIаьргаш а бара хьаббина.

https://t.me/leid_hehamash