Get Mystery Box with random crypto!

#Хаттар69 Ассаламу 1алейкум: Нена кийрахь долш бер д1аделч, ц | Суннатан ОхIла

#Хаттар69

Ассаламу 1алейкум: Нена кийрахь долш бер д1аделч, цулт1ехь зуд 40 дийнахь ламаз цадеш 1а ези?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Кийрахь долчу беран адамийн меженаш (корта, йа куьг, йа ког, йа пIелг) гучайовлаз йолуш иза дIаделлехь - зудчо ламаз дан деза, марха кхаба деза. Амма и араделла детна цIий цхьанхьа дIаIанор ду, беша а, бешалла арахьа а башхула яц.

Амма нагахьсан кийрахь долчу беран адамийн меженашха цхьа меже: корта, йа куьгаш, йа когаш, йа пIелгаш гучадевла долуш иза дIаделлехь - зудчо ламаз дан а, марха кхабан а мегар дац нифас¹ чеккха даллалца. Амма дIаделла долу бера кешнишка дIадуллур ду.

Ткъа нена кийрахь долчу беран адамийн куц-кеп (меженаш) гучайолуш йолу хан - кхо бутт бу. Къин а дика кхетош аьлча - дезткъе цхьа де ду. Цулла хьалха кийрахь долчу беран меженаш кхоллалуш яц.

АллахIа бах: «Оха шу кхоьллина поппарах, цултIехьа тIадамах (ораллах), цултIехьа детначу цIийнах, цултIехьа жижиган кийсаках, куц-кеп долчу а, доцучу а» [сурат ал-хьажж, 5-гIа аят]

Ткъа жижиган кийсак кхоллаяларан хан - дезткъе цхьа де ду.

Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шун кхоллам ненан кийрахь шовзткъа дийнахь гулабо, цултIехьа кхин оццула ханчохь цух детна цIий хуьлу, цултIехьа кхин оццула ханчохь цух жижиган кийсак хуьлу, цултIехьа АллахIа малик догIуьтий, цунга омур до диъ дош дIаяздарца. Цуьнга олу: ДIаязъе цуьнан Iамал, цуьнан рицкъа, цуьнан хан, иза дакъаза вера ву, йа декъала хира ву. ЦултIехьа цунна чу са кхуллу» [Бухарис дийцна иза]

¹Нифас - доьзулхо дуьненчу веллачултIехьа зудчунна гучадолуш долу цIий ду. Оцу ханчохь царна Iибадатах ламаз дан а, марха кхабан а, каIбатанна тIаваф дан а мегаш дац.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441