Get Mystery Box with random crypto!

​​Хьайн мах ларбелахь Хьехархочо кехат 50 динар а гайтина шен | 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

​​Хьайн мах ларбелахь

Хьехархочо кехат 50 динар а гайтина шен дешархошна, хаьттина: «ХIара хьанна деза?».
Массара а куьгаш айдина.
Хьехархочо буйнахь чоггIа хьакхийна иза, тIаккха хаьттина цо: «ХIинца хьанна деза хIара?».
Массара а куьгаш айдина.
Хьехархочо лаьтта охьа а кхоьссина, тIе ког хьаькхна, бехдина иза, юха а хаьттина цо: «ХIинца хьанна деза хIара?».
Массара а куьгаш айдина.
ТIаккха аьлла хьехархочо: «Таханлера дарс ду шуна хIара - ахь мел чIогIа хIара эрчадаккхарх кхуьнан мах бовш бац, иштта шу а хила деза, шаьш мел чIогIа сийсаздахь а, дIатеттахь а, лахара хетахь а, гIалатдовлахь а, охьадетталахь а шу тешна хуьлийла шайн бакъболу мах бовш боций!
Иза шуна хаахь, охьаэгча гIовттур ду шу, массаьрга а шаьш къобалдойтур ду аша, амма, аша шайн мах байича массо хIума а довр ду шуна!».
https://tlgg.ru/so_icharkho