Get Mystery Box with random crypto!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

Telegram kanalining logotibi so_icharkho — 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐 𝒊
Telegram kanalining logotibi so_icharkho — 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
Kanal manzili: @so_icharkho
Toifalar: Din
Til: Oʻzbek tili
Mamlakat: Oʻzbekiston
Obunachilar: 2.11K
Kanalning ta’rifi

Сох юьсун йолу лар 👣
https://www.instagram.com/so_icharkho

Ratings & Reviews

2.33

3 reviews

Reviews can be left only by registered users. All reviews are moderated by admins.

5 stars

0

4 stars

1

3 stars

0

2 stars

1

1 stars

1


Oxirgi xabar

2022-08-30 06:03:24 «Баккъал а, муъма-нах - вежарий бу»
442 views03:03
Ochish/sharhlash
2022-08-30 06:00:14
443 views03:00
Ochish/sharhlash
2022-08-28 21:31:33
5469600038410684
52 views18:31
Ochish/sharhlash
2022-08-27 23:48:58 Самукъане денош даима ца лаьтта… Хьайна Дала луш долу диканаш тlеэцарехь хьо сутара ма-хиллара, хьайга беанчу сингаттамна а собаре хила.

https://t.me/so_icharkho
442 views20:48
Ochish/sharhlash
2022-08-27 23:48:26
445 views20:48
Ochish/sharhlash
2022-08-26 22:51:35 ​​Хьайн мах ларбелахь

Хьехархочо кехат 50 динар а гайтина шен дешархошна, хаьттина: «ХIара хьанна деза?».
Массара а куьгаш айдина.
Хьехархочо буйнахь чоггIа хьакхийна иза, тIаккха хаьттина цо: «ХIинца хьанна деза хIара?».
Массара а куьгаш айдина.
Хьехархочо лаьтта охьа а кхоьссина, тIе ког хьаькхна, бехдина иза, юха а хаьттина цо: «ХIинца хьанна деза хIара?».
Массара а куьгаш айдина.
ТIаккха аьлла хьехархочо: «Таханлера дарс ду шуна хIара - ахь мел чIогIа хIара эрчадаккхарх кхуьнан мах бовш бац, иштта шу а хила деза, шаьш мел чIогIа сийсаздахь а, дIатеттахь а, лахара хетахь а, гIалатдовлахь а, охьадетталахь а шу тешна хуьлийла шайн бакъболу мах бовш боций!
Иза шуна хаахь, охьаэгча гIовттур ду шу, массаьрга а шаьш къобалдойтур ду аша, амма, аша шайн мах байича массо хIума а довр ду шуна!».
https://tlgg.ru/so_icharkho
620 views19:51
Ochish/sharhlash
2022-08-11 10:44:06 Ахь нехан диканах дог диллича, кхин цаьргара цхьанна а хIумане са а ца туьйсуш, хьан Эло (Аллахlа) лур ма дара хьуна мел дезарг.

Фудайл ибн Iия̀д

https://t.me/so_icharkho
1.4K views07:44
Ochish/sharhlash
2022-08-09 23:07:59 БИРМЕХЬ БОЛЧУ БУСАЛБА НЕХАН СИНГАТТАМ

Хьалха шайн мохк бара церан Аракан цIе йолуш, кхо миллион бусалба стаг вара цу махкахь Iаш. Царах бахьана а даьлла Ислам-дин даржа доладеллера уллера Бирма цIе йолчу махкахь а. Уллера Бирма цIе йолчу махкахь дукхахберш буддисташ бара.

1784 шарахь буддисташка лан ца делира шайн махкахь Ислам-дин даржа доладалар. ТIаккха буддисташа Аракан цIе йолчу бусалба махкана тIелатарш дира, уьш шортта дIа а бохуш, церан Аракан мохк шайн Бирма цIе йолчу махках дIатуьйхира буддисташа.

ТIаккха иштта буддисташа Аракан цIе дIаяьккхина, Мьянма цIе тиллина царна, Бирмах цхьа дакъа хилира церан махках. Бусалба нах цу махкахь 4 я 5 миллион адам дара, амма буддисташ 50 миллион бара.

ХIетте а бусулба нах шаьш кIезиг болушшехь, шайна Iан а, баха а ярташ йира, шайн йохка-эцар а лелош, шайн хьехамчаш а болуш, шайн маьждигаш а долуш бехаш бара.

ТIаккха Бирмера буддисташа бусалба нехан ярташна тIелатарш дира, уьш цигара арабахархьама.

Массийта шо хьалха, Бирмехь итт Iеламстаг вара бусалба дин даржош, Къуръан дагахь хууш, автобус чохь бусалба нехан ярташкахула дин хьоьхуш лелаш бара уьш. ТIаккха буддисташа церан автобус саца а йина хехь (постехь), уьш схьа а лаьцна, церан догIмаш тIе арсаш хьоькхуш, церан багара меттанаш ийзош буха а дохуш, церан догIмаш тIера когаш а, куьйгаш а дехира. Иштта ирча куьцехь цара байира уьш.

ТIаккха цу махкара бусалба нах, шайн Iеламнахана дина долу таIзарна оьгIаза а бахана, хьалагIиттира. Иза буддисташка лан ца делла, цара даккхий тIелатарш дира бусалба нехан ярташна. Цу хенахь 2600 цIенош дагийра цара, дуккха бусалба нах байира цара, дуккха бусалба нах бевдда кIелхьара a бевлира, цу хенахь хIорданца, вуьштта лаьтта тIехула а 90 эзар бусалба стаг махкара дIавахара.

Иштта оцу буддисташа бусалба нахана арсаш хьекхар а, къиза байар а сацош дац, хIинца вайн деношкахь а къизалла латтош ю буддисташа цигара бусалба нахехь, жима берах, я зудчух, я воккхачу стагах а къинхетам ца беш.
1.5K views20:07
Ochish/sharhlash
2022-08-08 15:27:55 Керста нехан мотт бийца бусалба дино магош дац, цхьа хьашто хилча бен. И хьашто ю - цхьаьнца къамел дан шуьшинна а хууш болу мотт, масала, оьрсийн мотт бен бацахь.
1.3K views12:27
Ochish/sharhlash
2022-08-08 01:25:30
Iашураъ дийнахь марха кхабар
1.3K views22:25
Ochish/sharhlash