Get Mystery Box with random crypto!

БИРМЕХЬ БОЛЧУ БУСАЛБА НЕХАН СИНГАТТАМ Хьалха шайн мохк бара | 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

БИРМЕХЬ БОЛЧУ БУСАЛБА НЕХАН СИНГАТТАМ

Хьалха шайн мохк бара церан Аракан цIе йолуш, кхо миллион бусалба стаг вара цу махкахь Iаш. Царах бахьана а даьлла Ислам-дин даржа доладеллера уллера Бирма цIе йолчу махкахь а. Уллера Бирма цIе йолчу махкахь дукхахберш буддисташ бара.

1784 шарахь буддисташка лан ца делира шайн махкахь Ислам-дин даржа доладалар. ТIаккха буддисташа Аракан цIе йолчу бусалба махкана тIелатарш дира, уьш шортта дIа а бохуш, церан Аракан мохк шайн Бирма цIе йолчу махках дIатуьйхира буддисташа.

ТIаккха иштта буддисташа Аракан цIе дIаяьккхина, Мьянма цIе тиллина царна, Бирмах цхьа дакъа хилира церан махках. Бусалба нах цу махкахь 4 я 5 миллион адам дара, амма буддисташ 50 миллион бара.

ХIетте а бусулба нах шаьш кIезиг болушшехь, шайна Iан а, баха а ярташ йира, шайн йохка-эцар а лелош, шайн хьехамчаш а болуш, шайн маьждигаш а долуш бехаш бара.

ТIаккха Бирмера буддисташа бусалба нехан ярташна тIелатарш дира, уьш цигара арабахархьама.

Массийта шо хьалха, Бирмехь итт Iеламстаг вара бусалба дин даржош, Къуръан дагахь хууш, автобус чохь бусалба нехан ярташкахула дин хьоьхуш лелаш бара уьш. ТIаккха буддисташа церан автобус саца а йина хехь (постехь), уьш схьа а лаьцна, церан догIмаш тIе арсаш хьоькхуш, церан багара меттанаш ийзош буха а дохуш, церан догIмаш тIера когаш а, куьйгаш а дехира. Иштта ирча куьцехь цара байира уьш.

ТIаккха цу махкара бусалба нах, шайн Iеламнахана дина долу таIзарна оьгIаза а бахана, хьалагIиттира. Иза буддисташка лан ца делла, цара даккхий тIелатарш дира бусалба нехан ярташна. Цу хенахь 2600 цIенош дагийра цара, дуккха бусалба нах байира цара, дуккха бусалба нах бевдда кIелхьара a бевлира, цу хенахь хIорданца, вуьштта лаьтта тIехула а 90 эзар бусалба стаг махкара дIавахара.

Иштта оцу буддисташа бусалба нахана арсаш хьекхар а, къиза байар а сацош дац, хIинца вайн деношкахь а къизалла латтош ю буддисташа цигара бусалба нахехь, жима берах, я зудчух, я воккхачу стагах а къинхетам ца беш.