Get Mystery Box with random crypto!

Дикка хьалха - хlинца йоккха зуда - и жима йолуш, котамаш хилл | 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

Дикка хьалха - хlинца йоккха зуда - и жима йолуш, котамаш хилла церан лелош. Царех цхьаъ гуттар лулахошка дlаоьхуш, сецалуш ца хилла. Лулара зудчо и котам шайгахь хуьлу аьлча, кхара схьа а ялийна, ен а йийна, кхехкийна и (котам юьйцу шуна, лулахо боху ма мотталаш). Амма кхеран жима йоl дуьхьалъяьлла хилла-кх и котам ца юуш, цхьа меже луш, кхин меже луш, яийта гlортарх, юуш ца хилла цо. Хlинца санна бес-бесара яахlуманаш ма ца хиллий кхеран чохь, таронаш а ца хилла. Цул тlаьхьа, шолгlа дийнахь лулахошка а яхана, жимачу йоlа аьлла хилла: «Тхан нанас шун котам лачкъа а йина, ен а йийна, селхана кхехкийна»..)) Иштта, лачкъийна котам ю моьттуш, и ца юуш, дуьхьалъяьлла хилла-кх.)