Get Mystery Box with random crypto!

Гергара цхьа йоl ю вайн - тхойшиъ вовшахкхетча, цхьаъ гал ца д | 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

Гергара цхьа йоl ю вайн - тхойшиъ вовшахкхетча, цхьаъ гал ца долуш, атта чуйоьрзуш яц. Догlанна кlелахь а тхойшиъ юьсу, туьканара схьабохьуш болу тlоьрмиг хедий, чохь мел ерг охьа а тхойшиннан lена, новкъа догlу жlаьла а тхойшинна тlаьхьадолу.)) Амма цкъа хьошалгlа яхана йогlуш гуттар хазаниг нисделлера. Гена йоцуш машен сацийна, цу чуьра зуда ю тхойшинга етт юхалалла бохуш, мохь бетташ. Ткъа и етт нийсса тхойшинна тlе бедда богlуш бу, цхьаннах къаьхкина. Цунна дуьхьал дlа ца хlоттахь, керахь гlаж а йоцуш, етт сацалур болуш ма яций хlара шиъ.)) Ший а бага гlаттийначехь йисина, дlа а ца йоьдуш, я аттана дуьхьал а ца йолуш. Вай, сацалур ма бац и, меллаша схьабогlуш хилча-м, юхаберза аьлла а, цхьа муьшка йийр яра цунна.)) Ша говр санна схьабедда ма буй хlара-м. Юха, стаг вара я зуда яра дага ца догlу суна, цхьамма юхалаьлли и етт, гlаж эцна. Машен чуьра зудчо боху-кх: «Хlара шиъ-м яцара и сацор болуш»..))) Меттаеъча ехха йоьлуш lийра тхойшиъ.)