Get Mystery Box with random crypto!

АНТИУДАЛЕНИЕ «Хаттар: Дlайса яхьийтинчух дlа яьхна йолчу хӀум | ЯЛСАМАНЕ

АНТИУДАЛЕНИЕ

«Хаттар: Дlайса яхьийтинчух дlа яьхна йолчу хӀумане (статус, сообщени) хьожуьйтуш йолу функци латоран хьукм хӀу ду?

Дала боху: «Вовшийн къайленаш ма леха!» [ал-Хьуджуро‌т, аят: 12]
Иштта Пайхамара а ﷺ аьлла: «Вовшийн сакхташ ма леха! Вовшийн къайленаш йовза ма гӀерта».

Имам ал-БагӀавыйс (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: «АллахӀа дихкина нехан къайленаш йовза гӀертар а, Дала хьулдина долу церан сакхташ довза гӀерташ царна тӀаьхьа ваьлла лелар а.»

Ибну Хьажар ал-ХӀайтамийс (АллахӀа къинхетам бойла цунах) шен «Аз-Зава‌джир» (2/32) олучу жайнахь аьлла: «Дала дихкина долу тӀаьхьа ваьлла лелар иза - нехан къайленаш Ӏад цайитар ду. Ца доьвзуш диснехь хьан дагна а, динан а гӀолехь долу хӀума довза гӀертар ду иза».

Байттамал яӀ! И къайле йоьвзинчул тӀаьхьа стагна сингаттам а, нахах лаьцна вон ойла яр бен хуьлуш хӀумма а ца хилча хӀунда гӀерта те и къайле йовза?»

Шайх Лаби‌б Нажи‌б حفظه الله.