Get Mystery Box with random crypto!

Къуръанан дозалла: ворхалгlа хьадис Абу Муса ал-АшIарис (Алла | Къуръан 1амдар

Къуръанан дозалла: ворхалгlа хьадис

Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Къуръан доьшуш волу муъма стаг – мерзачу лимонах тера ву, хаза хьожа а, тамехь чам а болуш йолчу, ткъа Къуръан ца доьшуш волу муъма стаг – хурманах тера ву, хьожа яцахь а, чам мерза болуш йолчу. Къуръан доьшуш волу мунепакъ – хаза хьожа йолчу бецах тера ву, хьожа хаза елахь а, чам къаьхьа болуш йолчу, ткъа Къуръан ца доьшуш волу мунепакъ – хьерчаш йолчу бецах (колоквинтах) тера ву, я хьожа а йоцуш, оцу тIе чам къаьхьа а болуш йолчу».

(Бухари: 5059, Муслим: 797)
https://tlgg.ru/Koran_1amdar